Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанехь хIора шарахь дIахьош йолчу «Массарел хьекъалениг» аьллачу гуманитарни олимпиадин финальни тур хилира.
Олимпиада карарчу шеран март баттахь йолаелла яра. Оцу ловзарехь дакъалоцуш Нохчийн Республикин тайп-тайпанчу школийн лакхарчу классашкара 50 дешархо вара. Олимпиадехь 12 ахфинальни а, 4 финальни а ловзар хилира. Школашкахь долчу юкъара а, юккъера а дешаран программин буха тIехь хIоттийна бара олимпиадин болх. Дешархоша шайн хаарш гойтура историн, литературин, обществознанин предметашкахула.
ЖамIаш дича билгалбевлира «Массарел хьекъалениг» олимпиадин толамхой: Надаева Милана, Ибрагимова Имани, Никаева Милана, Шаипов Марат. Школа чекхъяьккхича, ЕГЭ кхиамца дIаялар хилахь, оцу толамхойн таро хир ю Нохчийн Республикин лаккхарчу дешаран заведенешка, конкурсах чекх бовла а ца оьшуш, деша хIитта. Толамхой декъалбар кестта Соьлжа-ГIаларчу Кегийрхойн цIийнехь хир ду. Цаьрга хьоьжуш дипломаш а, мехала совгIаташ а ду. «Массарел хьекъалениг» олимпиада иза федеральни каналехь дIахьочу «Умнее всех» проектах масал оьцуш юкъадалийна гуманитарни ловзар ду.
Олимпиада вовшахтоьхна Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерствос, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствоца а, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпаница а цхьаьна.
Иза дIаяхьаран Iалашо дешархойн хаарш толлуш, церан хьуьнарш гучудахар а, церан Iилмане болу безам совбаккхар а, похIмечу берийн кхидIа хиндолчу дешарна тIехь гIодар а ду.
З.ХИЗИРОВА
Суьрташ тIехь: «Массарал хьекъалениг» олимпиадин дакъалацархой
№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо