Яха йитийша со

   (Дийцар)

– Шайн Делан, Делан элчанан дуьхьа! Шу бусалбанаш делахь, яха йитийша со! Бахьана доцуш, сан цIа ма дохийтийша.

Аш со ехначул тIаьхьа, со хIокху цIа йогIуш, елла бен араер яц, аьлла, чIагIо йина еанера со. Шуна хIун хилла? Ши бутт ца кхаьчна со шуьга еана. Ванах, къинах, бекхамах, кхиэлах ца кхоьру шу?!

Махьма IелагIеран цIенна хьалхахула новкъа дIавоьдуш и дехар а хезна, хIун хилла техьа, аьлла, цIенна гуонаха йолчу кертах чухьаьжча, цунна гира: цхьана агIор гIанта хиъна Iаш Iела, вукха агIор цуьнан йоIарий, цхьаъ бен воцчу кIантана, ИсмаьIална, гуобина Iаш. Оцу гуона юккъехь яра Яха – Iелин хIусманана. Шен куьйгаш гIодаюккъе а хIиттийна, несана чууьдуш.

Ткъа миска нус, Хьаьлимат, сагIа доьхуш йолуш санна, дехарш деш яра. Оцу минотехь Махьмина дуьхьал хIоьттира Хьаьлиматца масех бутт хьалха хиллачу къамелан суьрташ.

ЦIахь лулахой бара уьш, бераш долуш дуьйна цхьаьна кхиъна. Дуьххьара берийн бешахь, тIаккха школехь цхьаьна бара, юха институт а цхьаьна чекхъяьккхира. Вовшийн дагара дуьйцуш, бала, ойланаш йовзуьйтура. Хьаьлимат яра Махьмина Асет ялийнарг. Махьмина Хьаьлимат шен йиша санна дукхаезара, иза оьзда, гIиллакхе, яхь йолуш йоI хиларна. ХIилланаш ца хаьара цунна.

Ша IелагIара шайн кIантана йоьхуш йолуш, Хьаьлимата Махьмига дийцира иза, цо хIун олу хьажа. Махьма кхеташ, хьекъале кIант волу дела, дика лулахо, бакъ къонах волу дела.

– Хьажал, йоI, IелагIарна ала хIума дац. ИсмаьIал а бакъахьа кIант ву, цунна а ала хIума дац. Иза иштта делахь а, цара ИсмаьIална деш долу цIенош чекхдовллалц ахь собардахьара, сих ца луш, дика хир дара аьлла хета суна, – элира Махьмас.

– ХIан-хIа, хьажал, ас и алахь, царна моьттур ду: «Гой шуна, схьа а яле дIакъаста йолаелла. Цунна вай ца деза, вайца Iен лууш яц. Суна ца лаьа юьххьехь дуьйна иштта алийта. Ткъа хьуна гуш ма ду, цу цIенош тIехь даза дисинарг дукха цахилар. Ас, Дала мукъ лахь, цIен тIе яханчул тIаьхьа, тIетаьIIина гIуллакх деш, дукха хан ялале чекхдохур ду цIенош, – элира Хьаьлимата.

– Тамаш бу хьо оцу цIенош чуяха кхиахь, – велакъежира Махьма.

– Иза хIун ду ахь дуьйцург, хIунда боккху ахь и вуон кхаъ, юьхь бен гучуяьлла йоцуш?

– Иза кхаъ бохург дац, суна цхьа къайленаш хаьа бохург дац. Хин дерг Далла бен ца хаьа. Хьажал, Хьаьлимат таханлерчу дийнахь ИсмаьIалан да, нана, ялх йиша ю. Уьш берриге а хьоьга цхьатерра резабалур бац. Нагахь царах цхьаъ хьуна реза ца хилахь, массо а хьуна дуьхьал вер вуу, – и боху ас хьоьга. Хьо ца хууш яц вайна юкъахь дукха хIуманаш ду Дала, Делан Элчано баьхначуьнца ца догIуш. Цхьаъ ду – дас, нанас, йишас, вашас нус шен цIа яхийтар. И бакъо  цIийнден карахь бен йоццушехь.

– Махьма, ахь хIун до? Ма гена даьккхи ахь хIара хIума?

– Хила а мега. Иштта делахь а, хьо йиша йолу дела, суна хьо тилаяла а, Iехаяла а ца лаьа. Хьуна халахетахь а, бакъдерг билгалдаккха дийцира ас. Ойла е, дикка ладогIа ас бохучуьнга.

ХIинца хьо хьалхахь йолуш хьан ши сурт хIутту суна. Хьалхарниг – уьш хьуна резаболуш. Мел хаза го и сурт; мел бакъ, оьзда, гIиллакхе, яхь йолуш го суна хьо! ШолгIа сурт – уьш хьуна резабоцуш. Хьо мел оьгIазе, яхь йоцуш, гIиллакх доцуш, эхь доцуш ю… оцу суьртехь.

Хьаьлимат къамелана юкъаиккхира:

– Махьма, собардел! Со хьо волчу хуьлуш дерг хаийта еанера, дохкояккхийта ца еанера.

Махьмас корта а ластош:

– Дика ду, Дала ас бохург ма хуьлийтийла, Дала декъалйойла хьо! Бехк ма биллалахь суна, ас хьо хабарца кегорна. Кхин сан ала хIумма а дац. Цхьа дехар ду сан, суна къинтIера яла…

Хьаьлимата шен марнене динчу дехаро шен ойланех ваьккхира Махьма:

– Делах ца кхоьру шу, ас хIун дина шуна, со яха хIунда ца юьту аш? ХIунда хьийзайо аш со!? Со а ма ю, шу санна, яха еана нехан йоI… Аш мел олу дош сайн дагах чекхдоллушехь, со ца кхеташ санна, ела а лой, садетташ ма Iа. Йоха ца лаарна. Айса цкъа а ца дина гIуллакхаш деш ю со, хIокху керта еачахьана. Кхо де дацара со нускал хилла кхуза еана, шун божалш чу а яхана айса цкъа я ца ийзина хьелий оза йолаелча. Шу дийшина долуш, малх кхетале хьалагIоттий, узий, уьш дажа арадохий, божалш цIандой, уьйтIа-керта нуй хьокхий, тIаккха шу хьалагIовттале кхача кечбой, гIиттадора ас шу. Аш кхача биъначул тIаьхьа, жIаьло санна, шух йисина хIума юура. ТIаккха шун дIа а доккхий, аш шайн кIантана долийна цIенош тIехь гIуллакх дан йоьдура со. Цигара йодий юхайогIура, шуна кхача кечбан. Иштта – хIора денна. Шу охьадийшинчул тIаьхьа бен сайн чу ца йоьдура со. ТIаккха а шу реза дац суна. Кхин хIун де боху аш соьга? Алийша, дуьхьалонаш, Iиттарш а ца еш! Ас хIун дича реза хир дара шу суна? Иза хIуъа делахь а, дийр дара ас, сайн цIа ца дохо. ХIунда гIерта шу со йохо? Ши бутт ца кхаьчна со нускал хилла хIокху керта еана. Ши бутт хьалха, дагадогIий шуна, цхьаъ ца витира аш хIокху юьртахь тхоьга ца воуьйтуш. Баккхий нах сан дена тIеэхийтира, зударий сан нанна тIеэхийтира. ДагадогIий шуна, цу хенахь аш аьлла дешнаш: «Цхьа а яц Хьаьлимат санна». Цу хенахь сол хаза, говза, цIена цхьа а яцара. Стигала хьалаайбира аш со, реза хилийта. ХIинца со шун нус хилча, горгам йина, лаьттах хьаькхи аш со. Тахана сол вуон, боьха, цхьа а яц: лела ца хаьа, цхьа хIума дан ца хаьа, дийнахь, бусий чохь йижина Iуьллуш ю… Делах ца кхоьру шу? Цу шина баттахь соьца мел долу диканиг хийцаделла, ша доллу хIума вуон хилла, боху. Хьан йоIарий маре баха безаш ма бу, церан ойла ехьа. Къахета суна шун цхьаъ бен воцчу кIантах. ХIара харцо шена гушшехь, шен бакъо йийца йиш йоцуш, дош аьлла шуна дуьхьал ца хIуттуш волчу. Шун дегнашкахь жимма а къинхетам бисинехь реза ю со айса болийна некъ дIакхехьа. Нахала ца ялархьама.

Дуьххьара шен мардега а хьаьжна, элира:

– Дада, ахь эр долчуьнга, бохучуьнга ладугIуш ю-кх со.

И хаьттича, цо юьхь дIанехьа ерзийра, шега ца хоьттуш санна. ТIаккха хIиттина лаьттачу йижарийн яххьаш тIе хьаьжна:

– Аш хIун боху соьга?

ТIаккха шен майрачун юьхь тIе а хьаьжна:

– Бехк ма биллалахь, сан хьоьга хатта хIумма а дац, – элира цо.

Шена дуьхьал хIоьттинчу марнене эсала хьаьжна, дехарца элира Хьаьлимата:

– Суна хаьа и дерриге а хьан карахь дуй. Ахь хIун боху, мама?

Марнанас шен куьг кевне а хьажийна:

– Сан хьоьга кхин ала хIума дац, араяла хIокху чуьра. Кхин хьайн юьхь ма гайталахь суна хIокху кертахь.!

Хьаьлимата и тIаьххьара дешнаш хезча, боккха къурд бина, шен тIунбеллачу бIаьргашца мардега а хьаьжна элира:

– ХIинца, вайна юкъахь мел долу хIума чекхдаьллачул тIаьхьа, со хIокху кертара араялале дагахь дерг дIаала лаьара суна.

– Дада, хьо наха лоруш, нахана юкъахь тамана, нийсонна а вохуьйтуш ву, къамелана говза а ву. Тахана хIун хилла хьуна? Нахана юкъахь ахь юьйцуш йолу бакъо хьайн цIахь ма ца нисйо ахь? Хьо Делах кхера ма везара. Муьлхачу юьхьца дуьхьал гIур ву хьо Цунна? Хьуна гушшехь харцонца сан цIа дохийна, бехк боцуш арайоккхуш ма ю со. Бехк ма биллалахь, со тIехъяьллехь. Суна тIехIоьттинарг атта хIума дац. Со хIокху шун кертара елла арайоккхуш елахьара, атта хир дара суна. Тахана хIара хьуна гуш долу сурт нахехь хIоьттина делахьара ахь бакъо, нийсо йийр яра. Амма хьайн цIахь и нийсо хIотто ницкъ ца кхочу хьан.

ТIаккха мехкаршка-йижаршка а хьаьжна элира:

– Суна а хаьа, шуна а хаьа, Далла а хаьа ас шуьга цхьа вуон дош ца аьллий.

ТIаккха шен бIаьрхишца майрачуьнга а хьаьжна:

– Суна хаьа, со йолччу халонехь хьо а вуй, хьо хIокху хуьлуш йолчу харцонна реза воций а. Суна даггара лаьара вайшимма болийна дахаран некъ цхьаьна дIабахьа. Амма иза вайн карахь дац. Варийлахь, ма мотталахь, со хьуна оьгIазъяхна. Со реза ю хьуна. Ас хьо бехке а ца во. Ас вайна оцу Далла дуьхьал долу, наха шайггара кхоьллина хIуманаш бехке до. Цхьа къам дац хIокху дуьненахь шена бохам, эшам беш долу хIуманаш тIе а лаьцна лелош. Деккъа вай ду. Суна даггара лаьара цхьамма суна дуьхьал а хIоьттина: «Ахь бохург бакъ дац» – аьлла, со харцъян.

ТIаьххьара а шен марненан юьхь тIе а хьаьжна элира:

– Цхьана дийнахь и хьуна чохь йолу бакъо самаер ю хьуна, цо наб а яйъина хьийзор ю хьо, тIаккха дохко ер ю хьо. Хьо дохкояларх хIун пайда бу? Шуна ма хаъара, со Делах кхоьруш ю. Ас кхин шун цIе яьккхина шу хьахор дац. Ас хIокху кертахь баьккхина туьханан чам бойур бац. Ахь хи молу шовда кегор дац, ахь хи молучу гIу чу тIулг а кхуссур бац…

Кхо бутт гергга хан яра Хьаьлимат шен цIа яхна. ИсмаьIал цу дийнахь дуьйна шен когаш тIе ирахIоьттина вацара. Цхьаъ ца витира IелагIара Хьаьлимат юхаяло ца вохуьйтуш. ТIаьххьара марнана яхара, Хьаьлиматан дуьхьа дацахь а, ша хIаллаквинчу кIентан дуьхьа.

– Ванах, шу ас бохучух ца кхета!? Хьовсал соьга, со хьалхалера Хьаьлимат ма яц. Шуьга и дехарш дайта Iаш ма яц со…

ДагадогIий хьуна, ас шун кертара елла бен араер яц аьлла дешнаш? Ас аьлларг бакъ дара хьуна. Со шуьгара елла бен ара ца елира хьуна. Сайга мел далург дира ас, со ца ялийта. Ницкъ ца кхечи.

Дог доьхна, са кхачийна, амал хIаллакьхилла сан. Ницкъ бац сан дегIехь, гIора дац сан синехь. Со кхачаелла, со эшна… ХIусамнана, нана хилла яхалур яц хIинца…

– Оха хьо хьан бедарш а юьттуш, шун хьалха а дохьуш, цхьана хIуманах куьг ца тухуьйтуш лелор ма ю, – дехарш дора марнанас.

– И ахь бохург дукха тIаьхьа ду. Ма ца оьшура суна хIумма а, ахь со яха йитинехьара.

Сан шуна гIо дан ницкъ белахьара, шун дуьхьа а доцуш, бехк боцуш аш хIаллаквинчу кIентан дуьхьа дийр дара ас сайн ницкъкхочург.

ИсмаьIал чIагIвеллачул тIаьхьа, цуьнан дас элира: – Со бен ца висина Хьаьлиматана тIевахаза, со воьду иза схьаяло.

ХьаьлиматгIаьрга воьдучу Iелина геннара церан ков гира диллина. КетIахь машенаш а яра, гулбелла нах а бара.

Новкъара юхавирзина, шайн цIа кхочуш, шайн ков а гира цунна диллина. Гулбелла нах а бара…

Зорбане кечдинарг –

 С.Дадаев

 

№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: