Сийлахь-боккхачу Даймехккан тIеман дакъалацархойх лаьцна дийца а, церан сий-ларам бан а, вайн а, вайн тIаьхьенан а иэсехь уьш бисийтар а вай декхарийлахь хилар а хууш ду вайна. Ларамза дац оцу тIеман дакъалацархойх лаьцна книга арахецча я церан цIерш билгалйохуш хIоллам схьабиллича вайна цунах боккха кхаъ хуьлуш хилар. Иштта, апрель баттахь Нохчийн Республикин Хьалха-Мартанан №29 йолчу цIеяйаран-кIелхьарабахаран декъана Советийн Союзан Турпалхочун Магомет-Мирзоев Хаважин цIе тиллар а боккха кхаъ хиларца тIеийцира цуьнан юьртахоша а, гергарчу наха а. Газеташкахула а, интернет-сайташкахула а, телевединехула а цхьатерра хаамаш бира цу мехалчу хиламех лаьцна. Амма…
Амма цхьа дош а ца элира и гIуллакх дага а деана, цуьнан гIайгIа-бала а кхаьчна, шен хан яйар, къахьегар, харжаш яр ца лоьруш, цIеяйаран-кIелхьарабахаран декъана Магомет-Мирзоев Хаважин цIе тиллийтарехь шен ницкъкхочург дерриге а дийр ду ша аьлла, ша шена дош а делла, араваьллачу Олхазар-КIотарарчу вахархочух Мазуров Мохьмадах лаьцна. Ша шех нисделла кхачамбацар дара иза.
Нохчийн маттахь цхьацца хIуманаш яздеш, йозанца гергарло лелош ву Мохьмад. «Даймохк» а, кхидолчу газетийн а агIонашкахь зорбане а йийлина яхь йолчу нохчийн кIентех а, нохчийн гIиллакх-оьздангаллех а лаьцна йолу цуьнан материалаш. Иштта, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь йоккха лар йитинчу шен юьртахочух Магомет-Мирзоев Хаважих лаьцна а яздан шен декхар лерира М.Мазуровс. Цуьнца доьзна турпалхочун дахаран а, тIеман а некъ кхоччуш бевзира цунна.
Турпалхо кхиъначу Олхазар-КIотарахь цуьнан цIарах урам а, № 2 йолу школа а ю. Иштта Соьлжа-ГIалахь а, вайн ярташкахь а цуьнан безамна цуьнан цIе тиллина урамаш а ду.
– Цунах лаьцна яздезчу хенахь хиира суна кхечу пачхьалкхашкахь а Магомет-Мирзоев Хаважин сий-ларам беш хилар, – бохура Мазуров Мохьмада. – Шайн мохк мостагIчух паргIатбоккхуш, шен дахар дIаделлачу нохчийн кIентан сий деш, Украинерчу Левковичи юьртан администрацин гIишлонна дуьхьал, салтичун-Хаважин хIоллам бу. Цунна хьалхарчу шагатIулган экъана тIехь дашочу элпашца дIаязйина ю турпалхочун цIе. Иштта шен Даймохк фашистийн ардангех кIелхьарабоккхуш майралла, хьуьнар, доьналла гайтинчу Магомет-Мирзоев Хаважис дешначу Ленинабадехь цуьнан цIарах ю Таджикистанехь тоьллачех йолу «Пожарная часть МВД Таджикистана», иза ваьхначу гIалин цхьа урам а бу. Иштта кхоллаелира сан ойла, Хаважин цIарах Нохчийчохь школа а, урамаш а хиларх тоам бина ца Iаш, цуьнан цIарах Хьалха-Мартанан №29 йолчу цIеяйаран-кIелхьарабахаран дакъа а хилча бакъахьа хир дара, аьлла, – дийцира М.Мазуровс.
Цу хьокъехь юьххьанца Хаважин гергарчаьрца къамел хилира Мохьмадан. Амма кхочушдалур долуш гIуллакх ца хийтира царна иза. ХIетте а юьхьарлаьцначу Iалашонна тIера юха ца велира Мохьмад. 2015-чу шеран 18-чу июлехь Хьалха-Мартанан кIоштан администраце вахара иза. Цкъа вахана а ца Iийра, шозза а, кхузза а вахара. Эххар а, Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу урхалле шаьш цу хьокъехь дехар дина хиларх лаьцна дийцира кIоштан администрацин куьйгалхоша. ТIаккха оцу урхалле а вахана, цуьнан куьйгалхошца а цхьаьнакхийтира. Мохьмада юьхьарлаьцнарг шайна товш хилар хаийтира учрежденин куьйгалло.
– МогIарерчу нехан дIадолорца иштта гIуллакх Нохчийчохь цкъа а дина цахиларх лаьцна дийцира цара. Тахана суна доккха баркалла ала лаьа, ас юьхьарлаьцнарг къобал а дина, цу гIуллакхана бала а кхаьчна, каде хьаьвзинчу кхетош-кхиоран белхан отделан куьйгалхочунна Битмурзаев Адамна. Цо со кхетийна ма-хиллара, цIеяйаран-кIелхьарабахаран декъана Турпалхочун цIе тиллар доьхуш, Москва кехат яздинчул тIаьхьа, цунна дуьхьал жоп даллалц бархI баттахь собар дан дезаш хиллера. Ерриге а регионашкарчу МЧС-н урхаллаша шаьш оцу дIадолорна дуьхьал цахиларх хаам бан безаш а бара, – дийцира Мазуров Мохьмада.
Оцу муьрехь МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу урхаллица а хьакъ йоллу зIе латтийра Мохьмада, шегара оьшу гIо-накъосталла а деш. Масала, цIеяйаран- кIелхьарабахаран декъана Могомед-Мирзоев Хаважин цIе тиллийта цуьнан гергарнаш дуьхьал цахиларан хьокъехь хьокъалла доллу кехат эшча а, иштта кхидолу гIуллакхаш дан дезаш хилча а уьш Мохьмадехула кхочушдора. Шен дерриге а гIуллакх кIел а дуьтий, оьшург кхочушдан сихо йора цо.
Эххар а, Россин МЧС-н куьйгалхочо Пучков Владимира омра арадаьккхира Хьалха-Мартанан №29 йолчу цIеяйаран-кIелхьарабахаран декъана Советийн Союзан Турпалхочун Магомет-Мирзоев Хаважин цIе тиллийтаран хьокъехь. ХIокху шеран 27-чу апрелехь даздаран хьолехь чекхбелира Мохьмада юьхьарлаьцна хилла некъ. Даздарш дIадахьарна а юьстах ца Iийра М.Мазуров.
ДАВЛЕТБАЕВ Элихан
№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо