Iаьрбийн маттахь иIтикаф бохучу дешан маьIна юхавервоцуш цхьа хIума деш хилар, я чуволар, я чохь сацар ду. ШарIехь цунах олуш дерг, Iибадатан нийятца маьждига чохь сацар ду.
Бусалбанна тIехь ду, наггахь шен дегI, магийна болчу лаамех а сацийна, Далла муьтIахь дар, Iибадатна паргIат дитар, Лекхаволу Дела везарх иза долийта, хьарам дерш дитар гIоле карийна, цуьнга диканиг харжийта.
Иштта, дегIана Далла муьтIахь хилар марздеш, дог цIандеш, къадолчу хIуманех ларвеш долу хIара иIтикаф Къуръана чохь а, хьадисехь а шен бух болуш, шарIехь далийна а ду (Бакъарат сурат чохь – 187-гIа аят, хьадисехь – Бухари (1922), Муслим (1172).
Муьлххачу а хенахь дан мегаш суннат ду иIтикаф, Рамадан баттахь кхин а чIогIа мелехь ду и дар. Амма Рамадан беттан тIаьхьарчу итт дийнахь-бусий дар – иза чIагIдина суннат ду, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) даима оцу деношкахь дина хиларна.
Цкъа Рамадан баттахь шен даза дисича, иза меттахIоттош Шаввал баттахь дина Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) иIтикаф, тIаьхьарчу итт дийнахь-бусий. Декха деза бохург дац иза, шен лаамехь ду иза юхадар.
Рамадан беттан тIаьххьарчу итт дийнахь-бусий мелехь хиларан бахьана ду, оцу буьйсанашкахь ларъеш йолу, «Лайлатул-къадри» олу еза буьйса хилар. Оцу буса йина йолу Iамал кхечу заманчохь эзар йинчул (дезткъе кхоъ шарахь а, беа баттахь а йинчул) дика йолу дела. Дийнна шеран а уггаре а еза буьйса лерина ю иза. Цуьнан йозалла Къуръанан «Аль-Къадр» суратехь йийцина ю.
ИIтикаф даран бакъенаш
(иIтикаф кхачо йоллуш хилийта, лардан дезаш тIедахкарш ду):
а) нийят (иIтикаф доладале нийят дина хила деза, нийят доцуш Iибадат хуьлуш дац. Кхидолчу нийятца маьждига чохь сецча, цу чохь яьккхина йолу хан иIтикафна лоруш яц);
б) маьждига чохь сацар (иIтикафан ханна (итт дийнахь-бусий), масала, маьждига чохь саца веза, цаторийла долчу гIуллакхна бен аравалар доцуш. Хьашто йоцуш аравалахь, иIтикаф хаьдда лору, юха нийят дина дихкина, керла доло деза).
Аравалар магош долу бахьанаш:
ГIа-набарца лийчар тIедоьжнарг лийчар, ламаз эцаран хьашташ кхочушдар, тIейохьуш цхьа а вацахь, юучунна-молучунна аравалар, кхин ца карийна билгалваьккхинехь, дакъа лийчо я докъан ламаз дан аравалар.
Иштта иIтикафна маьждига чохь сецначунна тIехь ду: шена фарз-лийчар тIехь доцуш хилар, зуда елахь, хьайз, нифас олучу зударийн хьелех маьрша хилар, дегI-бедар маьждиг бехдийр долчу нажжазатех (ламазна цамагош йолчу боьхаллех) цIена хилар.
ИIтикафан суннаташ:
а) Iибадат дар (иIтикаф деш волчунна мелехь ду ламазаш деш, Дела хьехош, Къуръан доьшуш, Iилма Iамош машгIул (мукъа воцуш) хилар. ИIтикафан Iалашо Лекхаволчу Далла Iибадат дар йолу дела);
б) марха долуш хилар (марха долуш дина долу иIтикаф мелехь ду, марха дегIан лаам эшош, синкхетам самабоккхуш долу дела. ИIтикаф мархийн баттахь доцуш хуьлу вай лакхахь хьахийна ма-хиллара. Цхьана бахьаница марханаш кхабар шена тIехь доцчо а дан мегаш ду иза);
в) рузбанан маьждигехь дар (уггаре а мелехь дерг-м сийлахь йолчу Маккин маьждигехь динарг ду иIтикаф, цул тIаьхьа сирлачу Мединатерчу Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маьждигехь динарг ду деза, цул тIаьхьа Аль-Къудсехь (Иерусалимехь) долчу Аль-Акъса маьждигехь динарг ду, цул тIаьхьа рузбанан маьждигехь динарг ду);
г) къадолчу хIуманех шен мотт ларбар (диканиг бен цаалар, цхьанна а цалер, гIийбат цадар, мотт-эладита цалелор, эрна къамелаш, дуьненан къамелаш цадар).
ИIтикафан карахIаташ
(дитича мелехь дерш):
а) цIийдаккхар (цIубдаршца а, пхенах а цIийдаккхар карахIат ду. Маьждиг бехдийр долуш ца хилча а, маьждиг бехдарна кхерам белахь, хьарам ду цу чохь цIийдаккхар);
б) Тегар, юцар (тIергIах хIума юцар (вязать), хIума тегар, цу шиннах тера дерш а карахIат ду. ХIума йохкар а, эцар а карахIат ду маьждига чохь, мел кIезиг хIума елахь а).
ИIтикаф дохош дерш:
а) зудчуьнца цхьаьна Iер;
б) хуъушехь (вицвалаза), цаторийла йоцуш, маьждига чуьра аравалар;
в) хьекъалчуьра валар, динах валар,
вахар (опьянение);
г) зударийн хьайз, нифас олу хьал.
ХIара хьелаш долчу хенахь зудчунна маьждиге яхар хьарам ду.
ИIтикаф суннат долу дела, шен цхьа бахьана делахь, маьждига чуьра араваьлла, юкъахдоккхур ду. Шена лаахь, юха нийят дина, керла долор ду, хьалхалера денош лорур дац.
С-М.Муртазаев
№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо