Республикера некъаш тодеш ду

1363072006_561348_71

Кху деношкахь  вайн  республикин тайп-тайпанчу районашкара   некъаш  тодеш бара  некъийн белхалой. Иштта, Мескер-Эвлана а, Хошкалдана а  уллехь а, Хьалха-МартантIе а, Мартан-Чу  а боьдучу новкъахь а, Ищерскина а,  Шелковскина а тIекхочучохь  а  Автомобильни  некъийн  министерствоно   куьйгалла  дечу  предприятеша  очакхаш  дIайохуш асфальт  юьллуш, тодеш  ду  некъаш.

Нажи-Юьртара  ГУДЭП а, кхечу районашкара  ГУДП-3, «ДСК» ГУП а  некъан  билгалонаш  дIахIиттош а, некъа  йистехь  лаьттачу   бIогIамашна  басар  хьокхуш  а, кир тухуш  а яра. Шелара а, Шуьйтара а, Гуьмсера а  некъийн-эксплуатацийн  предприятеш а, «Спецдортехника» ГУП а, «Асфальт-1» ГУДП-1 а яра  Соьлжа-ГIалин  Ленински районерчу  керстанийн  кешнашкахь  дIабаьхначу  белхех  дакъалоцуш.  Шуьйтарчу а, Шаройрчу  а  ГУДЭП-ра  белхалой   некъа  тIе  эгна  тIулгаш  а, жагIа а  дIабоккхуш  бара. Неврера а, Курчалойра а, Оьрза-ГIалара   а некъийн  предприятеша  кхечу  белхел  сов, некъийн  йистош  автогрейдершца  шаръеш, белхаш  бира.

ДIадаханчу кІирнах лаьмнийн  районашкахь  ло а  дуьллуш, хенан  хIоттам  цIеххьана  хийцабелира. Цигахь  къаьсттина  дукха  болх  бан  дийзира   некъан  белхалойн, ло  дIадоккхуш  а, ша  башош  йолу  коьчалш некъаш  тІе  тосуш а. Цара   шайн  декхарш  дика  кхочушдар бахьанехь   машенашна   дIасайоьлхуш  халонаш  ца хилира.

ТIехьа-Мартан, Невран а, Теркан а, Шелан а районашкахь некъаш тIера  очакхаш  дIакъовлуш  белхаш бу  кху  деношкахь  дIахьош.   Некъан  белхалой   некъан билгалонаш  дIахIиттош,  бIогIамашна  басар  хьокхуш, нехаш  дIайоьхуш,  некъан  йистош  тоеш  къахьоьгуш  бу.

М.РАСАЕВ 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: