Лайлатул-къадри буьйса

Шеран уггаре а еза хан ю Къуръан доссийна йолу Лайлатул-къадри буьйса. Лекхаволчу Дала ма-аьлла: «Баккъал а оха доссийна иза (Къуръан) беркате йолчу буьйсанна. Баккъал а тхо ма ду (халкъ Iазапах лардархьама) царна кхерам тосуш. Цу (буьйсанна) чохь къастадо массо а хьекъале долу гIуллакх».

(«Духан» сурат, 3–4 аяташ).510786_8915-0x600

Лекхаволчу Дала Шен лешна рицкъанаш а, Iожалла а, кхидолу хьелаш а тIедогIучу шарна билгалдоху буьйса ю иза.

Оцу буьйсанна йина йолу Iамал (Дела хьехор, Къуръан дешар, и.дI.кх.) и буьйса шайна чохь йоцучу эзар баттахь йинчул дика ю. Лекхаволчу Дала ма-аьлла: «Лайлатул-къадри буьйса дика ю (Шена чохь Iибадат дан) эзар баттал а».

(«Аль-Къадр» сурат, 3 аят).

Лайлатул-къадри буьйса яларца, хIара уммат къинхетам беш къастийна Веза-Сийлахь волчу Дала. Шен Iибадат оцу буьйсанна нисделлачунна, дерриге а дика цунна нисделла. Iибадаташ деш, и буьйса нисъяларе сатийсинчунна йоккха ял хир ю, Дала мукъ лахь!

Рамадан беттан тIаьхьарчу итт буьйсанна ларъян езаш  ю иза.

И беркате буьйса муьлхарниг ю билгалдина цахиларан шен бахьана ду. Бусалбанашка тIаьхьара итт буьйса, Элчано (Делера-салам-маршалла хуьлда цунна) яккхарх терра, Iибадатехь яккхийтар ду кхузахь лууш дерг. Цунна шена а хууш ца хилла иза муьлхарниг ю. Шена цкъа гайтина иза, цул тIаьхьа йицъялийтина, тIаьхьарчу итт буьйсанах витрунашкахь ларъе иза, аьлла Делан салам хиларо. Дукхахболчу Iеламнаха ткъе ворхIалгIа буьйса хила герга ду иза, аьлла.

Лайлатул-къадри буьйсанан билгалонаш: екхна стигал йолуш, къегина бутт болуш санна сирла, тийна, йовха я шийла йоцуш хир ю, аьлла ду и беркате буьйса. Шена чохь седарчий охьаэгар доцуш, шел тIаьхьа Iуьйранна схьакхетта болу малх зIаьнарш йоцуш, баттах тера болуш хир ю, аьлла а ду.

Iайшата (Дела реза хуьлда цунна) хаьттина хилла: «ХIай Делан Элча, Лайлатул-къадри буьйса муьлхарниг ю сайна хиъча, ас хIун ала деза?» Делера салам хиларо аьлла: «Ахь ала: « Я АллахI, баккъал гечдеш а, гечдар дезаш  а ву-кх Хьо, гечдехьа суна».

(Ахьмад, Ибн-МаджахI, Ат-Тирмизи).

Оцу езачу буьйсанна дехча гIолехь хиндерг ду иза. Иштта Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Лайлатул-къадри буьйсанна, иза мелехь хиларх тешна а волуш, даггара Делан дуьхьа (таравийхь-ламазаш деш) лаьттинарг – цунна гечдийр ду хьалха динчу къиношна».(Аль-Бухарий, Муслим)

С-М.Муртазаев

№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: