Иэсан а, лазаман а де билгалдоккхур ду

Халкъан гуламашца а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранийн сийнна стигала кIайчу басахь лоппагаш хецарца а билгалдоккхур ду Соьлжа-ГIалахь Иэсан а, лазаман а де.

Россин Федерацин Президентан 1996-чу шеран 8-чу июнехьлерчу Указаца тIечIагIдина а, 22-чу июнехь, Советийн халкъо немцойн фашисташна дуьхьал Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болийначу дийнахь, билгалдоккхуш а ду Иэсан дезде.

Соьлжа-ГIалин мэрехь хаам ма-барра, коьрта гIуллакхаш дIахьур ду 22-чу июнехь А-Хь.Кадыровн цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигна хьалхарчу майданахь, цигахь боккха гулам хир бу. Цуьнан дакъалацархоша Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна леринчу хIолламашна хьалха зезагаш дохкур ду.

Оццу дийнахь, лаам болчеран таро хир ю тIеман сийлаллин ерриге а гIаланашкахь дIахьур долчу Ерригроссин патриоталлин «Иэсан ЧIурам» гIуллакхехь дакъалаца. Оцу гIуллакхан дакъалацархоша 1418 (оццул дийнахь лаьттина Сийлахь-боккха Даймехкан тIом) чIурамах «Помним» боху дош хIоттор ду. Иштта, лакхахь билгал ма-даккхара, чу гелий а йоьттина, кIайн лоппагаш хIаваэ хоьцур ду тIамехь кхелхинчеран сийнна.

Иэсан де тIекхачале хьалха школийн аьхкенан майданашкахь вистцахиларан миноташ дIаяхьа лерина. Соьлжа-ГIаларчу дешархоша иштта дакъалоцур ду патриоталлин «Иэсан гIазанчалла. Йоврйоцу цIе» гIуллакхехь.

Цул сов, патриоталлин туьшашкахь Иэсан а, лазаман а денна лерина тематикин дарсаш дIахьур ду. Цигахь дакъалоцур ду Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаша, берийн а, кегийрхойн а юкъараллин организацийн векалша. Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департаменто «Тхо  тIамна дуьхьал ду» аьллачу темина берийн суьртийн а, сочиненийн а конкурсаш вовшахтоьхна, иштта «Оха дицдийр дац и де» аьллачу темина берашна юкъахь ешархойн конкурс а дIахьур ю.

А.ХАТУЕВА

 

№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: