Россин Федерацин Правительствона эххар а Нохчийчоьнан а, «Роснефть» компанина а юкъахь мехкадаьттан а, газан а активаш екъаран агIо карийна. Росимуществон долахь йолу «Чеченнефтехимпром» хIинца «декхарийлахь» ю «Роснефть» компанис арендехь лелош болу шен бахам пачхьалкхана, аьлча а Москвана «дIабала».
Москвана «дIабелла» болу бахам «Роснефтегазан» капиталана юкъатухур бу. Цул тIаьхьа буьсуш болчу сал-палца «Чеченнефтехимпром» Нохчийчоьнан дола йоккхур ю. Иштта говза сацам бина Россин экономикин министерствос. 1-чу июнехь и сацам дIабахьийтина Россин премьер-министре Д.Медведевга.
Оцу компанин активаш республикин дола яхарехь къахьоьгуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р.Кадыров. 2013-чу шарахь йинчу приватизацин (дола яккхаран) планаца а догIуш, 2014–2016-чуй шерашкахь билггал чекхдаккха дезаш гIуллакх ду иза. Амма «Чеченнефтехимпроман» цхьаболу бахам «Роснефтан» доларчу «Грознефтегазо» аренде эцна хиларо чIогIа тIеIаткъам бо цунна.
«Чеченнефтехимпроман» долахь 1 113 мехкадаьттан а, газан а бурош а, 11,6 гектар латтанаш а, шиъ НПЗ а, ремонт яран предприятеш а, мехкадаьтта даккхаран гIирс а, мехкадаьттан йиъ база а, 500 км сов биргIанаш а ю. Ткъа оцу бахамах «Грознефтегазо» аренде схьаэцна мехкадаьтта даккхаран а, дIакхехьаран а 2,86 эзар (единиц) барамехь бахам.
Нохчийчоьнан куьйгаллин яккхий Iалашонаш ю «Чеченнефтехимпроман» буха тIехь кхочушъян лерина: литий-ионан аккумуляторш яр дIадолор, мехкадаьтта даккхаран буруш цIиндар, керланаш тохар, иштта дIа кхин а. Цул сов, Соьлжа-ГIала дагахь ю мехкадаьттанца йолчу газах пайдаэцаран газан программа кхолла а, НПЗ ярехь дакъалаца инвесторш кхайкха а.
Амма иза дан таро яц оцу гIуллакхца боьзна «барт» Москваца бина а боцуш. Ткъа Москва, 2015-чу шарахь Россин Федерацин Президента В.Путина «Чеченнефтехимпром» Нохчийчоьнан дола яккхар тIедиллина доллушехь, и гIуллакх чекх ца доккхуш, дIатоьттуш ю.
И.ХАСАНОВ
№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо