Социальни объекташна – къаьсттина тидам

Карарчу хенахь социальни декъан объекташна гуонахара меттигаш тояран а, царна тIедоьлхучу некъашна тIе керла силам дилларан а белхаш дIаболийна Соьлжа-ГIалахь.

ГIалин бахаман комитето бечу балхана тIе а тийжаш, мэрин пресс-службо дийцарехь, къаьсттина тидам тIебохуьйтур бу некъашна а, тротуарашна а, гIашлойн некъашна а, канализацешна а ремонт ярна.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца нийса а догIуш, хIинцале талламаш бина дешаран а, могашалла Iалашъяран а, динан а объекташна тIедоьлхучу автомобилийн некъашна а, тротуарашна а. Бинчу талламан жамIашца билгалъяьккхина 100 объект. Цигахь белхаш уггаре а хьалха дIахьур бу.

Таханлерчу денна Державинан урамехь йолчу стоматологин комплексан кертахь силам дилларан а, тротуран экъанаш а, бордюраш а хийцаран белхаш чекхбаьхна. Пскован 84 десантникан цIарахчу урамерчу Берашна психоневрологин дарба даран а, реабилитаци яран а туьшахь а чаккхене бирзина и болх.

ЦIиндаран белхаш дIабахьа билгалъяьккхинчу 100 объектехь дан леринарг октябрь беттан хьалхарчу деношкахь чекхдаьккхина хила дезаш ду.

И.АСЛАХАНОВ

№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: