Карарчу шарахь хIусамаш лур ю республикерчу 80 буоберана
Иштта хаам бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а сайта тIехь, Нохчийн Республикин къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран министерствон пособеш хIитторан а, дIадаларан а отделан хьаькамна Джамулаева Фатимин дешнашна тIе а тевжаш.
– ХIокху шарахь, Нохчийчохь буоберашна хIусамашца кхачоярна республикин бюджетера 52 миллион сом гергга ахча билгалдаьккхина. Цул сов, Нохчийн Республикин Правительствос а, Россин Федерацин дешаран, Iилманан министерствос а дийцаре дина оцу гIуллакхна федеральни бюджетера кхитIе а 41 миллион сом ахча къастор. 2016-чу шарахь консолидированни бюджетан ахчанан чоьтах 80 буоберан шайн долахь петарш хилийта лерина бу республикин Iедалан белхахой, – дийцира Ф.Джамулаевас.
Нохчийн Республикин къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран министерствос июнь баттахь бинчу талламийн терахьашца ден-ненан Iуналла доцуш дисина, Iедало гIо-накъосталла дан дезаш хьесапе эцна 1409 бер ду республикехь. Царах 18 шаре даьлла, хIусамаш лур ю аьлла пачхьалкхан программина юкъадахна, цкъачунна хIусамаш ялаза 891 буобер ду.
Вайн республикехь 2010-чу шарахь дуьйна буоберашна 813 петар елла.
Хь.АВХАДОВА
№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо