1916-чу шарахь Iаьрбийн боккха гIаттам хилира Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIаьхьенах волчу Аль-Шариф Аль-Хьусайн Бин Iалин кхайкхамца. ГIаттам, СаIудин Араверчу Маккахь болийра Бин Iалис, Осман пачхьалкх (таханлера Хонкара) а, Шеман латта (Сири, Ливан, Урдун, Палестина) а Iедалан олаллера маьрша а доккхуш. Цу хенахь Урдунан махках Малхбалера Урдун олура. Урдунан махка шен кIант IабдуллахI Хьалхарниг хьажийнера Бин Iалис. ХIетахь Урдунан мохк оцу гIаттаман урхалла а, верас а хилла дIахIоьттира.
Iаьрбийн боккха гIаттам хилале хьалха, 1901-чу шарахь, Даймахкара хIижрат дина, Урдунан махкахь бехаш нохчий бара. Нохчий, доккха дакъа а лоцуш, каде хьаьвзира Пайхамаран тIаьхьенах волу IабдуллахI Хьалхарниг Урдунан махкахь паччахь хIоттош. Цигарчу нохчаша паччахь а, пачхьалкх а тIечIагIъеш жигара дакъалацар Урдунан а, Iаьрбийн а исторехь яздина ду.
Бин Iалис болийна гIаттам кхачам боллуш чекхбелира Османан Iедал дохош. Цул тIаьхьа, IабдуллахI Хьалхарниг Урдунехь паччахь хIотто сацам хилча, Сири мохк шен олалле баьккхина Iаш хилла Франсоз пачхьалкх дуьхьалъелира, Урдунан мохк а схьабаккха ойла хилла.
Паччахь IабдуллахI Хьалхарниг Шеман махкара цIерпоштахь Урдунан Заркъе олучу гIаланах чекхваьлла, коьртачу гIала – Iаммане вогIучохь, иза цига ца кхачийта, цIерпоштан некъ дIалаьцнера франсозийн эскаро, коьртачу гIала кхачахь, цигахь нохчаша а, Кавказерчу кхидолчу къаьмнаша а, Iаьрбийн тайпанаша а иза паччахь хIоттор вуйла хууш. Цара и кIело йина хилар хааделла, Заркъехь эскаран цхьа тоба карахь йолчу нохчичо Осман Абубакир Асандара, шен тешамечу бIаьхошца, карахь герз а долуш, цIерпошта тIе а ваьлла, франсозийн эскарна дуьхьало а йина, уьш лаьхкина, IабдуллахIана ха а деш, Iамман гIала иза маьрша дIакхачийра.
ТIаьхьо, IабдуллахI Хьалхарчунна, иза Урдунан паччахь хилар тIечIагIдеш хIоттийначу шатлакхехь, Осман Асандара диначун хама беш, паччахьо Асандар уггаре а хьалхарчу могIаре дIахIоттавайтира, эскаран духаран метта нохчийн чоа а дуьйхина.
Асандар санна доьналла а, къонахалла а гайтина дукха нохчий бу Урдунан исторехь. Тахана а меттигерчу бахархоша Урдунан истори хьехочохь нохчий ца хестош къамел чекх ца долуьйту.
БАКИР Iабдул-Хьамийд, Урдунера нохчи
Редакцигара:
Оха ца хуьйцуш дитина авторан йозанан хатI а, ткъа иштта цо ма яххара йитина гIаланийн а, пачхьалкхийн а цIерш.
№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо