ТIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчохь кхачанан дуккха а кхерчаш схьабиллина, таханлерчу дийнахь схьабоьллуш лаьтташ а бу. Вайн республикерчу хIора а гIалахь ю ресторанаш, кафеш, кондитерскиш. Уьш дуккха а хиларо гойту регионан экономика кхуьуш йогIуш хилар.
ХIора дийнахь схьаоьхуш туристаш бу вайн регионе. Республикерчу меттигашка хьежна ца Iаш, тайп-тайпанчу дакъошкара зеделларг схьаэца а Iалашо хуьлу церан. Иза уггаре а хьалха меттигерчу кхачанца доьзна хуьлу. Цундела, кхача бааран кхерчашкахь къоман даарш хилийтар мехала ду вайна.
Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалахь рестораторшна, менеджершна, администраторшна лерина дIаяьхьначу Iаморан мастер-классашкахь дийцира ресторанан бизнес нийса лелорах лаьцна. Иштта, оцу декъехь болх бечу говзанчаша довзийтира туризман декъехь дерг а, ресторанан бизнесан техникин кераланаш а, яахIума кечъярх а, иштта тайп-тайпанчу даздаршкахь кхача бааран залаш муха кечъян еза а.
Шеф-кхачакечбархо Шихалев Александр шен семинарашца Россин дуккха а регионашкахь хилла. Цо дийцарехь, меттигерчу кхачанан чемаш бахар ша-тайпа ламаст ду туристийн. Цундела, церан оцу кхачанах кхета аьтто хилийта хьелаш кхолла деза.
Ресторанан цIе лелон, оцу кхерчан куьйгалхошна а, белхахошна а говзанчийн хаарш оьшу. Цунах дика кхета Аргунерчу механико-технологин техникуман студенташ. Цигахь кхача кечбаран а, юкъараллин хьашташ кхочушдаран а факультетехь доьшуш 19 йоI ю. Царна кхача а, мерза хIуманаш а кечъян Iамийна ца Iаш, стоьла тIе пхьегIа, кхача охьабилла а, чубаьхкинчу нахаца муха хила веза а Iамадо. И тайпа техникум вайн республикехь цхьаъ бен яц (3-гIа шо ду и отделени йиллина). ХIокху шарахь дуьххьарлера выпуск хила езаш ю церан. Цигахь официантан, барменан, ресторанан администраторан говзаллаш караерзо аьтто бу студентийн.
Республикехь ресторанийн, хьешацIенойн дакъа шординчул тIаьхьа, официантан говзалла караерзош берш алссам бевлла бохуш дуьйцу техникуман хьехархоша.
Хь.ДАУДОВА
№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо