Нохчийн прокуратуро IT-х пайдаэцар – масал

Масех де хьалха «Россия сегодня» хаамийн агенствехь прозентаци йира Россин Федерацин Генеральни прокуратурин керлачу сайтана. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин прокуроран шуьйрачу хаамийн гIирсашца юкъаметтигаш латторан лакхара гIоьнча Гутаев Хаваж а.нохчийн прокуратуро ит

Генеральни прокуратурин керла сайт хIинца лело а, шех пайдаэца а дуккха а атта хир ю. Коррупцина дуьхьал къийсам латторан, ветеранийн бакъонаш Iалашъяран, талламийн цхьааллин реестран агIонаш цIинйина. Цул сов, субъекташкарчу прокуратурийн интерактиван карта а ду хIинца пачхьалкхан коьртачу прокуратурин сайта тIехь. Кхуззахь билгалдаккха догIу, цуьнан «интернет-тIеоьцийла» а атта йина хилар.

Къаьсттина хазахеташ ду хIинца дуьйна Россин Генеральни прокуратура социальни сеташкахь хилар а. Ведомствон агIонаш а, тобанаш а болх бан юьйлаелла хIокху сеташкахь: твиттер, инстаграм, ВКонтакте, одноклассники, фейсбук, перископ. Иштта ютуб чохь а болх бан йолаелла цуьнан видеоканал.

Россин Федерацин Генеральни прокуратурин шуьйрачу хаамийн гIирсашца зIенаш латторан урхаллин хьаькама Куренной Александра билгалдаккхарехь, берриге а хийцамаш цхьана Iалашонца бина бу: бахархошца йолу зIенаш кхин а чIагIъярхьама.

А.Куреннойс тидамза ца битира Нохчийн Республикин прокуратуро социальни сеташкахь бен болх а.

«Нохчийчоьнан прокуратуро социальни сеташкахь бечу балхе хьоьжуш Iийра тхо. Бечу балхах лаьцна довзуьйту цу тIехь: йозанца а, цхьана кепарчу суьрташца а. Тхуна иза тайра. Тхуна санна, нахана а тайначух тер ду иза. ХIунда аьлча инстаграмерчу цуьнан агIонан 22 эзар язвалархо ву. Вайн субъектийн прокуратурашна масал ду иза», – элира цо.

Гутаев Хаважа дийцарехь, республикин прокуратура социальни сеташкахь болх беш йолу 3 шо ду. И болх республикин прокуроран лаамца дIаболийна а, дIахьош а бу. Иштта иза тешаш ву, хIинца Генеральни прокуратуро бина хийцамаш бахархошна пайдехь хирг хиларх.

 И.ХАСАХАНОВ

№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: