Мухьаммад (I.с.в.с.) Маккара Мадинате веана ялх шо кхаьчнера. Оцу хенахь иза бусалба динан кхайкхам беш, бусалба нехан дахаран хьал тодеш вара.
Ансарашна дукхабийзира шайна тIабаьхкина болу мухIажарш, цара дика лерам а, доккха гIо-накъосталла а динера царна.
ХIетте а, шайн Даймахке сагатдеш бара мухIажарш, цига зерат дан баха лууш бара.
Тамаша бац, ийманан дакъа ма ду шен Даймохк безар. Иштта хила дезаш хIума ду иза. Шайна дукхабезаш болу Даймохк – Макка хьехош, кест-кестта бIаьргаш хих дузура церан. Дала Мухьаммаде (I.с.в.с.) аят доссийна, Хьаьждар фарз дира бусалбанашна. Амма шайн динехь фарз долу Хьаьж дан Макка баха цигарчу Делах цатешачара бакъо ца лора царна.
ЧIогIа сатеснера мухIажарша КаIбате зерат дан а, Хьаьж даран фарзаш кхочушдан а. Цхьана буьйсанна Мухьаммадан (I.с.в.с.) гIена кхелах гира ша шен асхьабашца Маккахь КаIбатана зерат деш.
Элчанна гIена-кхелах гинарг Делан пурбанца хилаза ца долуш дара.
Шена гинарг Мухьаммада (I.с.в.с.) шен асхьабашка хьахийра. Оцу хабарх чIогIа кхаъ хилла, царех хIора Макка ХьаьжцIа ваха кечвала хIоьттира. Цу хьокъехь Лекхаволчу Дала ма аьлла: «Бакъдира Дала шен Элчанан гIан хилаза цадолчуьнца: шу даха а гIур ма ду Сийлахь-дезчу Маьждиге, Дала мукъ лахь, кхерам боцуш, шайн кортош даьшна а, месаш яцйина а. Шу кхоьрур дац. Иза хууш вара шуна цахуург, Цо хилийтира (шуна) иза доцург, гергара болу толам а» (Къуръан, 48 сурат, 27 аят).
ТIаккха Зуль-къаIда баттахь Мухьаммада (I.с.в.с.) бусалбанашка, Хьаьж кхочушдан арадовла аьлла, омра дира. Вай тIамна доьлхуш дац, вай Хьаьж даран фарзаш кхочушдан доьлхуш ду, аьлла.
Мухьаммад (I.с.в.с.) шен эмкал тIе а хиъна, шеца цхьаьна мухIажарш а, асхьабаш а болуш, Макка ваха новкъавелира. Цхьа эзар виъ бIе бусалба вара цхьаьнакхеттарг. Къурайшийн нахана хезира, Мухьаммад (I.с.в.с.) шен асхьабашца Хьаьж кхочушдан Макка вогIуш ву аьлла.
И хабар бакъ ца дира цара. Уьш тешна бара, Мухьаммад (I.с.в.с.) хIилланца Макка яккха воллуш ву аьлла.
Мухьаммадна (I.с.в.с.) дуьхьало ян Валидан кIант Халид вахийтира, дуккха а дошлой шеца цхьаьна а болуш. ХIуъа дай а, Макки чу ма бахкийта уьш, аьлла. Халид ийман диллаза вара оцу хенахь. Мухьаммад (I.с.в.с.) машар чIогIа безаш вара, тIом бан араваьлла а вацара иза. Делан фарз – Хьаьж кхочушдан лууш араваьлла вара.
Цо элира: «ВаллахIи, Дала сайна тIедиллинарг кхочушдаза Iийр ма вац со», – аьлла.
Къурайшийн нах лелачу новкъа ца ваха, царна дуьхьалкхетар, тIом бар ца дезаш, Макки чу боьду кхин некъ хууш волу стаг лехира Элчано (I.с.в.с.).
Бусалбанех цхьаъ хьалха а ваьлла, цо уьш дIабигира халчу, готтачу новкъахула, Маккина гергахь, Хьудайбият олу гIу йолуш, цхьана хазачу шерачу майдана кхаччалц. ТIаккха оцу гІуна уллехь Пайхамаран (I.с.в.с.) эмкал горахIоьттира. Бусалбанашна иза кIадъелла горйоьжна моьттинера.
Мухьаммада (I.с.в.с.) элира: «Иза кIад ца елла шуна, иза Делан омрица сецна шуна», – аьлла.
Асхьабашка омра дира цо: «ХIокху Хьудайбият бохучу меттехь дIасатарло цатешарш схьабахккалц, цаьрца машарна барт баллалц».
Бусалбанаша элира цуьнга: «ХIай, Делан Элча (I.с.в.с.), вай кхузахь совца мала хи долуш меттиг ма яц хIара».
ТIаккха Элчано (I.с.в.с.) пхерчийн баттара цхьа пхьа схьа а баьккхина дIабелира шен асхьабех цхьаьнга. Цо якъаелла лаьтташ йолчу гIунех цхьана гIу чу а воьссина, гIамарх буьйгIира и пха. Гуш лаьтташехь хих юьзира гIу. Дог тийна, цигахь севцира нах.
Цул тIаьхьа къурайшийн эскар кхечира цига. ХIинца ши эскар дуьхь-дуьхьал хIоьттира. Цатешачара сацам бинера бусалбанаш Макки чу ца бахкийта. Бусалбанаша сацам бинера, фарз долу Хьаьж кхочушдан Макки чу баха. Уьш хьалха тIе ца латахь, тIом бийр ма бац ша аьлла, шечунна тIехь лаьтташ вара Мухьаммад (I.с.в.с.) машар безаш, тIом ца безаш.
ТIаккха тийшира Къурайшийн нах, Мухьаммад (I.с.в.с.) тIамна доцуш, Хьаьж кхочушдан веана хиларх.
Цара шайна хьалхаваьккхина волчу векало элира: «ХIай, къурайшийн нах, ГIажарин (Иранан) паччахь Кисра а гина суна, Византийн паччахь Къайсар а гина суна, Эфиопин паччахь Надджаши а гина суна. ВаллахIи, шен асхьабашна юккъехь Мухьаммад (I.с.в.с.) санна лоруш паччахь гина ма вац суна. Цо ламаз оьцуш гича, цуьнца цхьаьна ламаз эца сихо йо-кха цара. Цуьнан коьрта тIера цхьа мас охьайожа йиш яц-кха цара схьаоьцуш бен. Иза цхьанна а каравохуьйтур волуш ма бац уьш. Ойла яйша оцу белхан».
Мустафас Iаффана кIант Iусман вахийтира Абу-Супьян а, кхиболу Къурайшийн тхьамданаш а болчу. Цара элира Iусмане: «ХIай, Iусман, хьуо ХьаьжцIенна гуонаш баха лууш велахь, бахахьа».
Цо жоп делира: «Делан Элча (I.с.в.с.) цхьаьна волуш бен бохур бац. КаIбатана зерат дан а, Хаьж кхочушдан а даьхкина тхо, тIамна ца даьхкина».
Деха дийцарш а, къийсарш а хилира шина агIонна юккъехь. ТIаьххьара а барт хилира церан. Оцу бартана «Хьудайбиятан барт» аьлла, цIе яхара.
Элчанах (I.с.в.с.) тешна ца хиллехь, бусалбанаш оцу бартана резахир болуш а бацара. Шаьш оьшуш барт бу моьттура царна иза.
Хьудайбиятан барт
«Я, АллахI, Хьан цIарца хIара машаран барт бу (шина агIон юккъехь). Шина агIоно барт бо шайн эскаршна юкъахь итт шарахь машар латто. Оцу заманчохь шина эскарна юкъахь вовшийн кхерам цахиларх тешам хила а беза. Шен верасера пурба доцуш, къурайшийн нахах Мухьаммад волчу веанарг цаьрга наха дIавала а веза, Мухьаммад волчуьра царна тIе цхьаъ дIавахар нислахь, уьш декхарийлахь бац иза юхавала.
Шен лаамехь Мухьаммадехьа ваьллачунна тIехтохам хир бац. Шен лаамехь къурайшшийн агIор ваьллачунна а тIехтохам хир бац.
ХIокху шарахь Мухьаммад шен асхьабашца Макки чу ца вогIуш юхавоьрзу, тIедогIучу шарахь кхаа денна шен асхьабашца Макки чу вогIу, шайца баттара дахаза тарраш бен, кхин герз а доцуш».
Бусалбанаш Хьудайбият олучу меттехь масех де а даьккхина, Мединате юхабахара. Уьш чIогIа сатесна бара, чехка и шо дIа а даьлла, Хьаьж кхочушдеш, Сийлахь-езачу Макки чу кхача.
Уьш Мединате юхабоьлхуш, Жабраил-Малик доьссира Мухьаммдана (I.с.в.с.), «Фатахь» боху сурат дохьуш:
«Баккъал а, Оха белла хьуна билгал болу толам (Макка хьоьга яккхийта сацам бина Оха)». (Къуръан, 48 сурат, 1-ра аят). (КхидIа а суратан чаккхене кхаччалц).
Хьудайбиятехь бина барт боккха толам бара Мухьаммадан а, Ислам-динан а.
Къурайшийн наха Элча (I.с.в.с.) ларар а, Мединатехь кхоллаелла йолу бусалба пачхьалкх ларар а дара иза.
Бусалба нах сийлахь долчу ХьаьжцIа зерате бахка, церан шайн динехь долу фарз – Хьаьж кхочушдан бакъо хиларна, мостагIий къера хилар а дара иза. И машар бахьана хилла, итт шарна маршо елира бусалба нахана. ДIадоьлхучу денойн жамIаша схьагойтуш дара, Мухьаммад (I.с.в.с.) хьекъале, хиндолчун кхане гуш, юкъаметтиг лело дика хууш хилар.
Хьудайбиятехь бина барт бахьана долуш, Ислам-дин даржо аьтто хир буй хаьара Мухьммадна (I.с.в.с.). Иза боккха толам хилар а гора цунна.
С.-М.МУРТАЗАЕВ, Iеламстаг