Хьаштахойн аьттонна

Карарчу беттан чаккхенехь дуьйна республикин бахархойн, рагI ларъян а ца езаш, шаьш электроэнергех пайдаэцарна ахча дIадала таро хир ю.хьаштахойн аьттонна

«Чеченэнерго» компаница бинчу бартаца а, электронни такхарш схьаэцаран гIуллакхаш шордаран Iалашонца а нийса а догIуш, «Р-Телеком» («UniPay» такхарийн системин марка) дIайолалур ю бахархошкара электроэнергех пайдаэцарна ахчанаш схьаэца.

Электроэнергех пайдаэцаран барамехь ахча «UniPay» такхарийн системица болх бечу муьлххачу а терминалан гIоьнца дIадала йиш хир ю республикин бахархойн. Иза дан хала хир дац: лакхахь хьахийначу системин терминалан коьртачу экрана тIехь электроэнергех ахча дIадаларан пиллиг тIетаIорца схьахIуттучу кора чохь абанентан бартан номер а язйина, цул тIаьхьа шен лааме/тароне хьаьжжина терминал чу ахча а диллина, такхар къобалдаран пиллиг тIетаIорца чекхдолуш хир ду иза. Оцу балхо 3 минот а йойъур яц. Билгалдаккха догIу, «Чеченэнергон» лаамца нийса а догIуш, терминала чохь такхар дIадаларх комиссионни ахча оьцург цахилар.

«Р-Телекоман» президента Хамзатов Артура билгал ма-даккхара, «Чеченэнерго» компаница барт баро нохчийн такхарийн системина шен кхиарехь рогIера кхин а цхьа гIулч яккха таро елла. Цуьнан коьрта Iалашо  бахархошна коммунальни а, кхидолчу а хьаштех пайдаэцарна ахча дIадалар аттачу даккхар ю.

– Республикин бахархошна шаьш яйъинчу электроэнергех ахча дIадала кхин а цхьа аьтто бина хиларх даккхийде вай. ХIинца дуьйна церан йиш хир ю атта а, сиха а, комиссионни ахча чусацор а доцуш, «UniPay» системин муьлххачу а терминалан гIоьнца ахча дIадала. Шайн иштта аьтто бар бахьана долуш, бахархоша кхачам боллуш ахча дIалург хиларх теша а лаьа суна, – элира Хамзатов Артура.

UniPay – иза нохчийн дуьххьарлера электронни такхарийн система ю. Цуьнан гIоьнца республикин бахархойн таро хир ю 2 000 сов хьаштех пайдаэцарна ахча дIадала а, ахча дуьненан муьлххачу а маьIIе дIасадахьийта а. Таханлерчу дийнахь оцу системин терминалаш йоцуш республикехь цхьа а гIала я юрт яц.

– Тайп-тайпанчу организацешца а, пачхьалкхан органашца а оха юкъаметтигаш латтор бахьана долуш, нохчийн къоман электронни такхарийн дуьххьарлера система бахархошна пайдехь хиларехь денна а кхуьуш йогIуш ю. Дукха хан ялале «UniPay» системин гIоьнца муьлхха а тайпа такхар дIадалалург хиларх а шеко яц тхан, – билгалдаьккхира А.Хамзатовс.

И.ИСЛАМОВ

 

№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: