Цхьа-ши дош…

«Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша минометаш йиттина Алеппо шахьарахь бехачу маьршачу бахархойн цIеношна а, аэропортана а.

***

Иракъан Iедалан эскарша жим-жима боккхуш шайн мохк паргIатбоккхуш бу «Иблисан пачхьалкхан» террористех. Стохка хиллачул ах сов лахъелла террористаша дIалаьцна хилла меттигаш.

***

Хонкаран а, Шемин а дозанех сехьабовлуш хаабелла террористаш а, ткъа иштта тIеман еза техника а.

***

Францехь террориста герз тоьхна полицейски а, цуьнан зуда а йина. Циггахь хIаллаквина зулам динарг а.

***

Швецехь забастовка йира «SAS» авиакомпанин пилоташа. И бахьана долуш юкъахъяьккхина лаххара а 230 авиарейс.

***

ХIара шо доладелчахьана Дуьненаюкъарчу хIордачухула Европе кхаьчна 210 эзар сов мигрант. Царна дан хIума доцуш, гатбелла хьийза Евросоюзан куьйгалхой.

***

Къилбаседа Корейрчу хакерша галъяьккхина Къилба Корейн 140 эзар сов компьютер, царна чохь хиллачу хаамех шайн хьашташкахь пайдаэцна.

***

Къилба  Африкин Республикехь юха а хатта долийна шен зуда йийначу Писториусан дов. Ша динчу зуламна къера хуьлуш вац спортсмен.

***

Донецкерчу маьршачу бахархойн цIеношна герзаш деттар тIаьхьарчу хенахь алсамдаьккхина Украинин Iедалан эскарша. Масех де хьалха цара герзаш диттина ткъех цIа дохийна.

***

Россин Президентан В.Путинан телефонехула къамел хилира Словакин премьер-министраца Р.Фицоца. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш кхидIа а чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.

***

Вайн мехкан премьер-министр Д.Медведев цхьаьнакхийтира Владимирски областан губернаторца С.Орловица. Цара дийцира промышленни гIишлошъяран коьчалш арахецар кхиоран хьокъехь.

***

Тахана Санкт-Петербургехь шен болх дIаболийна Петербурган дуьненаюкъарчу экономикин форумо. Цигахь дакъалоцуш бу 60 сов пачхьалкхера векалш, ткъа иштта ООН-н Генеральни секретарь Пан Ги Мун а.

***

УЕФА-с 150 эзар еврон барамехь гIуда тоьхна Россин футболан союзана. Россин а, Ингалсан а футболан фанаташ вовшах латар а, цара къепазалла хIоттор а бахьанехь тоьхна ду и гIуда.

№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: