дIахьо Гуьмсан районерчу Ойсхарарчу № 2 йолчу школехь
Хьехархочун белхан алссам зеделларг долуш ву кхузара биолог Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо Идалов Нажмудди. Цуьнан белхан къаьсттина кеп ю ша хьоьхучу предметана лерина классал арахьара болх тидаме эцар. Иштта болх къеггина гуш хуьлу школехь «Биологин кIира» дIахьочу хенахь.
Кху тIаьхьарчу шерашкахь школера дешархой алсамбовларе терра, биологаш-хьехархой а алсамбевлла. Биологи хьехаран зеделларг долчу шайн белхан накъостах масал а оьцуш, болх беш бу: Гадаев Хьусейн а, Чатуева Зарема а, Курбанова Залха а. Дукха хан йоццуш дIадаьхьна «Биологин кIира» дерзоран классал арахьара мероприяти вовшахтоьхнера цара. Цу юккъехь дара «Биолабиринт» – интеллектан ловзар а, «Iилмане гIулч» дешархойн конференци а, «Уггаре а баьццара класс» конкурс а.
Ишттачу кхоллараллин белхан Iалашо яра биологин предметехула долу берийн хаарш цхьана билггалчу хорша нисдар а, царалахь тоьлларг къастор а. «Биолабиринтан» – дакъалацархой 11-чу шина классера 8 дешархо декхарийлахь вара 5 «станцех» чекхвала. Шен-шен цIе йолчу «станцерчу» стоьлашна тIехь хаттарш тIехь долу кехаташ а, царна деллачу жоьпийн жамI деш эксперташ а болчу талламах чекхбевлира уьш. Хаттарш тайп-тайпана делахь а, церан коьрта чулацам биологин дуьненара бара, масала:
МаIаш тIехь бIаьргаш а болуш, эзар церг йолчу дийнатан цIе яккха; Нохчийчохь кхуьу акха хох?; Оьрсийн маттахь хІун олу уьнтІапхьидах, гомашах, даIамах, эмкалх?; и. дI.кх.
Ала деза, оцу хаттаршна нийса жоьпаш делла Бениев Адам а, Кагиров Лом-Iела а, Жакуева Зарган а, Джапаров Шемал а биологи предметана «5» долу дешархой цахилар, амма кхетам а, дуьненан Iилма довзар а гайтира цара. Биологин кIира дерзоран жамIаш деш сийлаллин грамоташ а, совгIаташ а делира царна.
Школин библиотекин ешаран залехь дIаяьхьначу «Iилмане гIулч» конференцин дакъалацархой бара 6-11-чуй классашкара дешархой.
10-чу классера Мушкаева Маьлх-Аьзнис а, Аласханова Шовдас а, Мушкаева Жайнас а, Магомедова Имана а интерактивни уьнца а, суьртийн а, схемийн а гIоьнца тIечIагIйира шайн проекташ.
«Хаза школа» цIе йолчу шен проектехь Маьлх-Аьзнис гайтира экологин агIор цIена школа, иза иштта хиларна гIо дора садаIаран баьццарчу «зонас» а, дешаран а, спортивни а «зонаша» а, кхечу секторша а. Маьлх-Аьзнис шен хьежамера школа схьагайтира интерактивни у тIехь. Шеко йоццуш, кханенан школа хила хьакъ яра иза.
«ЦIестан гоьттеш (медный купорос) цIерачу хьолехь кхиор» проект тIечIагIйира Шовдас. Ши бутт хьалха цIахь долийна зер дара цо хьовсархойн тидаме диллинарг. Дешархойн а, хьехархойн а хаттаршна жоьпаш делира йоIа.
«Мехкадаьтта а, цуьнан сурсаташ а» проект тIечIагIйира Жайнас а, Имана а. Лаьттан маьIда – мехкадаьтта даккхар а, цунах пайдаэцар а адамашна, Iаламна зен доцуш хилийтаран хьокъехь йолу проект массеран а тидам тIе бохуьйтуш яра. Мехкадаьтта доккхучохь 30 процент газ хаьштигашкахь ягош хиларо цецбаьхнера гулбелларш. Оцу гIуллакхо гуонахарчу Iаламна а, хIаваана а, зен деш хилар адамашна гойтура. Кхоамза йойъуш йолу газ адамийн хьашташна дIахьовзон аьтто болу гIуллакх дара шина йоIа шаьш кечйинчу проектехь гойтург.
«Биологин кIирнах» бIаьрла дакъалаьцначех бара «Эко» кружокан декъашхой. «Уггаре а баьццара класс» цIе йолчу конкурсан жамIаш дира цара. Конкурсехь дакъалаца юкъаяьккхинера 25 класс-кабинет. Динчу жамIаша гайтира цхьацца йолу классаш чохь алссам зезагаш а, даима а баьццара хуьлу ораматаш а долуш хилар, ткъа цхьацца йолчарна чохь соьналла кIезиг хилар а гучуделира. ЖамIийн комиссино 9-чу классан дешархой Эдисултанова Iайшат, Гагаева Ийман, Селимов ВахIид къастийра. «Уггаре а баьццара класс» конкурсехь 1-ра меттиг елира 23-чу кабинетана (кIентийн къинхьегаман кабинет – М.Эльдаровас куьйгалла деш йолу), 2-гІа меттиг 24-чу кабинетана (физикин кабинет – куьйгалхо М.Хабилова), 3-гIа меттиг магийра 18-чу кабинетана (оьрсийн меттан, литературин кабинет – куьйгалхо М.Лилаева).
Школин библиотекин белхахоша а дакъалецира «Биологин кIирнах». «Биотехнологи а, хими а адамийн хьашташна гIаролехь» цIе йолу книгийн гайтам кечбинера цара.
Школин директора Албасова Наталья Дамировнас дийцарехь, школехь хьоьхучу ерриге а предметашна лерина цхьацца кIира дIахьо кхузахь. Иштта болх хьехархойн куьйгаллица беш белахь а, цуьнан коьрта дакъалацархой дешархой бу. Цара шаьш до жамIаш, уьш цкъа а гал ца бовлу. Иштта долчо бераш Iамадо кхоллараллица деша а, диканиг вуочух къасто а.
Кханенан дахаре шайначул зеделларг долуш гIулч йоккху цара.
Т.САРАЛИЕВА