Абхазера нохчи а тидамза ца витина

Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векала Н.Нухажиевс гIо-накъосталла дина Абхазехь вехачу заьIапчу нохчичунна.

Усманов Аслана мелла а хьалха дехар даийтинера Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппарате шен могашалла талларехь а, хIусамийн гIуллакх чекхдаккхарехь а орцах довлар доьхуш.

Шен кехатехь А.Усмановс дуьйцу, 1993-чу шарахь Абхазехь гуьржийн а, абхазхойн а хиллачу тIемашкахь ша дакъалаьцна а, цигахь чов хилар  бахьана долуш, 1-чу тобанан заьIапхо а ша хиларх лаьцна.

Цо билгалдаккхарехь, 1-чу тобанан заьIапхо хиларе терра, заьIапхойн гIудалкхаца дIасалела везаш а, чевнаш дIаерзаза а ву иза. Амма меттигерчу Iедалера кхин орца хирг а ца хилла, Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппарате яздинера цо.

А.Усмановн дехарца доьзна а, республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векала Н.Нухажиевс, А.Усмановс далийна бакъдерш таллар доьхуш, дехар динера Абхази Республикин Президенте Р.Хаджимбе.

Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, Абхази Республикин Президентан а, Правительствон а Администрацера Соьлжа-ГIала кехатана жоп кхечира. Цу тIехь билгалдаьккхина дара, карарчу хенахь оцу республикин Гагрски кIоштарчу Алахадзыхь юьртахь А.Усмановна лаьттан дакъа дала меттиг къасторан болх дIаболийна хилар.

Соьлжа-ГIалара Сухуме а, Сухумера Соьлжа-ГIала а кехаташ дIасакхехьийтарца кхиамца чекхдаьккхира и гIуллакх. Цуьнца доьзна, А.Усмановс баркаллин кехат яздира Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппарате.

Амма А.Усмановна Соьлжа-ГIала кехат яздар бахьанехь баьлла болу дика болх цу тIехь чекхболуш бац: Абхазерчу нохчийн диаспорин куьйгалхочо Тунтаев Руслана хаам барехь, Усманов Аслан Москва гIалин клиникин больнице вигарна а, цигахь цунна дарба дарна а лерина хIинцале а кехаташ кечдина Абхази Республикин могашалла Iалашъяран министерствос.

И.ИСЛАМОВ

№80, шинара, мангалан (июль) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: