Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан автомобилийн некъийн министраца Тумхаджиев Абубакарца цхьаьна хьаьжира Нажи-Юьртан кIоштахь «Сесана – Бена – Ведана» некъана реконструкци яран белхаш муха дIахьош бу.
Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министра хьахийра, догIанаш эхар бахьанехь токхамаш хиларна и некъ ши километр сов бохийна хилла хилар. Цо дийцарехь, кхузаманан технологех пайда а оьцуш дIахьош ду оцу некъана реконструкци яр.
– Леррина йолу гIишлош яран белхаш бу кхузахь дIахьош. Боьхначу некъан шина а агIор дугIуш аьчкан (биргIин) бIогIамаш ду, уьш арматурица чIагIдеш а, вовшахдоьхкуш а ду. Цул тIаьхьа экъанаш йохкий, царна тIехь бух боттар а, асфальт йиллар а дIахьо. Оха кхуза ялийна кхузаманан техника, шайна юкъахь экскаваторшца йолу вибропогружательш а йолуш, – билгалдаьккхира А.Тумхаджиевс.
Кадыров Рамзана дийцара, «Сесана – Бена – Ведана» некъ дIакъовлар бахьанехь автомобилисташа – кIоштан бахархошна а, хьешашна а дикка новкъарлонаш еш хилар. Иштта, цо билгалдаьккхира белхан дикалла кхоччуш лар а еш, йоццачу хенахь реконструкци йина яла езаш хилар.
– Саццаза ихначу догIанаша дикка зенаш дина хIокху кIоштан гIишлошна а, инфраструктурина а. Оцу гIуллакхна ахча билгалдаккхаре а ца хьоьжуш, токхамаш хилар бахьанехь кхоллаелла проблемаш сихха дIайоху вай. Дина цIенош, елла петарш, меттахIиттийна инженерни сеташ, тодина некъаш а, тIайш а. Вай кхидIа а болх бийр бу республикин бахархой шайн проблемашца шаьш ца бисийта, – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Нажи-Юьртан кIошта шаьш йина йолу инспекци ерзош, автомобилийн некъийн министра Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан тешийра тобеш болу некъ шен дикаллица кхузаманан лехамашна жоп луш хирг хиларх. Цо дийцарехь, «Сесана – Бена – Ведана» некъ, реконструкци йинчул тIаьхьа, даздаран холехь схьабоьллур бу август баттахь.
Дагадаийта лаьа, цхьа бутт хьалха дуккха а догIанаш эхар бахьана долуш токхамаш хиларна Нажи-Юьртан а, Веданан а, Шуьйтан а кIошташкарчу цхьайолчу ярташна чIогIа зенаш хилла хилар. Дохийнера цIенош, некъаш, тховк1ело йоцуш бисинера дуккха а доьзалш. Нохчийн Республикин Куьйгалхо, ша оцу кIошташка а воьдуш, хьаьжира цигарчу хьелашка. Кадырова Аймани президент йолчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо гIо а деш, мархадастаран де тIекхачале йоццачу хенахь зенаш хиллачу оцу кIошташкарчу бахархошна Веданахь а, Гуьмсан кIоштарчу Керла-Бенахь а, Шуьйтан кIоштарчу ГIуш-Коьртахь а дахарна мел оьшу бегIийла хьелаш долу керла цIенош дира, некъаш дехкира, иштта петарш а елира.
I.МУРТАЗОВ
№80, шинара, мангалан (июль) беттан 19-гIа де, 2016 шо