Хонкарахь тIеман карчам бан гIоьртина хиларх шена хетарг а олуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмехь йолчу шен агIонехь кадам бира туркойн халкъе, дIахаийтира шена церан махкахь мелла а сиха машар а, синтем а хуьлийла лууш хилар. «Дуккха а революцеш лан дезна тхан. Тхуна, тхайна зедаларна, дика хаьа муьлххачу а карчаман тIаьхьенаш къаьхьа хуьлий. Туркойн халкъана мелла а сиха машар а, синтем а хуьлийла лаьа тхуна», – яздина цо.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхина Хонкаран Президент Эрдоган Реджеп Тайпа шайн махкахь исламан пачхьалкх ян гIерта, Iусманан Импери меттахIотто гIерта бохучунна резабоцчу бIаьхаллин гIуллакхан наха карчам бан гIертар ша къобалдеш цахилар. «Суна хетарехь, иза хиламе тIехулара хьежар а, цуьнан хадо ма боггIу мах хадо цахаар а, гIуллакхна ширъеллачу кепашца тIедахар а ду. Хетарехь, оцу нахана ца хаьа Iусманан империн дозанаш мичахь хилла а, ца хаьа оцу тайпана Iалашонаш хIинцалерчу цхьана а политико, цу юкъахь Эрдогана а шена хьалха хIитториг цахилар», – билгалдаьккхина Р.Кадыровс.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо яздо: «Туркойн инарлаш политики юккъе гIерта марзбелла, мехкан куьйгаллина чоьхьарчу а, арахьарчу а политикехь дан дезаш дерг а хьоьхуш». Цо дийцарехь, хIоразза а и дан гIерташ берш Малхбузехьа ойла лесташ болу бIаьхой хуьлура. Эрдоганан цхьайолу амалш цхьанаэшшара тида йиш йолуш яцахь а, цхьадолчу декъехь Малхбузенах йозуш йоцу политика дIахьора цо регионехь хуьлучу хиламийн мах хадорехь. Хетарехь, иза ца дезало Малхбузенехьа ойла лесташ болчу инарлашна», – яздина Кадыров Рамзана.
Цо тидам тIебохуьйту Хонкара Россин лулахо хиларна, вайн мехкаш экономикин, культурин, гуманитарни юкъаметтигашца вовшашца юххера дозаделла хиларна. «Россин Федерацин Президента Путин Владимира дIахьош йолу хьекъале, кIорггерчу хьесапе, сацам боллу ондда политика бахьана долуш тIаьхьарчу хенахь Хонкарца йолу гIуллакхаллин а, кхийолу а зIенаш чIагIъяла йоьллера. Иштта хаалуш дара Шемахь болчу хиламашна тIедахарехь Хонкаран ойланаш дикачу агIор хийцалуш хилар», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Хетарехь, иза ца дезаделла Малхбузенна. Шеко йоццуш цара карзахбаьхна Хонкарара эскаргIуллаккхой. Цигарчу «инструкторша» ир-кара ца хIиттийнехь, цигара гIо хир ду бохучух тешна ца хиллехь, инарлийн бIо булур бацара Iедална дуьхьал, халкъана дуьхьал гIатта, махкахь карчам бан гIорта. Дозанал арахьарчу «дирижераша» дойтуш ду и саннарг. Цуьнан тIаьхье белхаме хуьлу. Хьовсал шу. Хонкарахь карчам бан гIортар бахьанехь 300 гергга стаг кхелхина, царах бIе сов гIаттамхо ву, 1 400 сов стагана чевнаш йина. Iедало карчам бан гIорторна бехкевеш хIинцале ялх бIе сов стаг лаьцна. Царна юкъахь ах сов эскаргIуллакххой бу.
Д.АНАДЕВ
№80, шинара, мангалан (июль) беттан 19-гIа де, 2016 шо