Кегийрхоша хоржу говзаллаш

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь 20-чу июнехь дуьйна деша луучаьргара кехаташ схьаоьцуш ду.

IMG_3835

Кхузахь кегийрхойн аьтто бу информатикин, экономикин, махлелоран, физически культурин, биологин, химин, историн, нохчийн меттан литературин, оьрсийн меттан, литературин, ингалсан, франкойн, немцойн меттанаш, и.дI.кх. говзаллаш караерзо. Бакалавриатан а, мигистратуран а кепара а ду кхузахь дешар.

Абитуриенташкара кехаташ схьаэцарх лаьцна дийцира Университетан юкъарчу гIуллакхийн проректора, тIеэцаран комиссин декъашхочо Гакаев Анзора. Цо элира: – «ХIора абитуриентана хаа деза маса меттиг ю ша деша воьдучу дешаран учрежденина елларг. ХIокху шарахь Рособрнадзоро тхан ВУЗАна меттиг очно кепара деша луучарна елларг 731 ю, 423 меттиг – заочни кепара дешарна. Уггаре а йоккха конкурс оьрсийн мотт, литература а, нохчийн мотт, литература а, юьхьанцара дешар а, леррина (специальни) психологи а отделенешкахь ю. Масала, нохчийн меттан, литературин отделене 189-ммо чуделла кехаташ, оьрсийн меттан, литературин говзаллина – 145-ммо, шина а меттан отделене – 153-ммо (25-ппа меттиг ю оцу говзаллашна къастийнарг). Иза хила тарлуш йолу конкурс ю. ХIунда аьлча, чуделла кехаташ копи я оригинал хила тарло, чекхволуш верг кехатийн оригиналаш елларг ву.

Россин Федерацин Рособрнадзоро пачхьалкхан ерриге а вузашкахь хIоттийна чекхваларан баллийн (ЕГЭ-н) барам бу. Тхан иза лакхабаккха йиш ю, амма лахабаккха бакъо яц. ХIокху шарахь хиллачу ЕГЭ-н жамIашка хьаьжжина, иза хьала ца айъина оха. Масала, оьрсийн меттан 36 балл ю, обществознанин – 42, математикин – 27.  Цхьа балл кIезиг елахь а, тхан бакъо яц кехаташ схьаэца. Иза данне а дац и баллаш хилчахьана бер чекхдер ду бохург, хIунда аьлча, баллаш алсам ерг хьалхавоккху оха.

Студенташ тIеэцаран хьалхарчу омрина юкъадоьлху буобераш, заьIап бераш. Оцу берашна, конкурсана юкъахь а йоцуш, меттигаш къастайо оха.

Корматаллин юкъара дешар (лицей, колледж, техникум) чекхдаьккхинарш, ламасте йирзинчу кепехь, тIеэцаран зерех чекхбоху оха. 12-чу июлехь физкультурин экзамен хилла, 13-чу июлехь – математикин, оьрсийн меттан, обществознанин».

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь деша луучаьргара кехаташ схьаоьцу хIокху беттан 27-гIа де тIекхаччалц.

Университетехь йолчу лицейхь, филологин, хими-биологин, физико-математикин говзаллашкахула, 10–11-чуй классашка дешархой дIаоьцу. Цигахь берашца ЕГЭ-на кечам байтар чIагIдинна дIахьур ду.

Л.ДАУТОВА

№80, шинара, мангалан (июль) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: