Къона корреспонденташ кечбан кийча ю школа

Хууш ма-хиллара, хIокху шеран май баттахь Къоначу корреспондентийн школо дахаран новкъа бехира шаьш долчохь дешна бевлла къона корреспонденташ. Ткъа хIинца цига деша бахка лаам болчаьргара июнь баттахь дуьйна схьаэца долийра кехаташ. Оцу школе деша хIуттуш оьшуш долу кехаташ чуделлачул тIаьхьа, экзаменаш дIаяла дийзира къоначийн. Нохчийн меттан а, оьрсийн меттан а, историн а предметашкахула экзаменаш дIаелира цара. Царах дукхахберш хIокху шарахь школа чекхъяьккхинарш бара. Школехь Iамийнарг бен экзаменашкахь шайга хоттур доцушшехь, а шаьш уьш ледара дIаяларна кхоьруш, сагатдора цара. Делахь а, олуш ма-хиллара, школехь Iамийнарг – дика бух бу, цундела, цара  шайгара дика хаарш гайтира. 19-чу июлехь юьйлаелла школехь занятеш. Цу хьокъехь дийцира школин директора Юнусов Хьамзата.

IMG_4649

«ДIадаханчу шарахь оха шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула хаам бинера къоначу корреспондентийн школе деша схьаоьцуш хилар хоуьйтуш, деша бахка лаам болчаьрга схьакхойкхуш. Иштта, генарчу кIошташкара а, ярташкара а баьхкира кхуза деша. Ткъа хIокху шарахь оха хаам бина а бацара, хIетте а, дIадаханчу шарахьчул а алсам ала мегар долуш, кхузахь деша лаам берш дуккха а хиллера», – бохура Хь.Юнусовс.

Билгалдаккха луур дара, Юнусов Хьамзат къоначу корреспондентийн школин директоран дарже дIадаханчу шарахь хIоттийна хилар. Школин дешаран системехь цхьацца хийцамаш бира цо. Къаьсттина дикахеташ дара, къоначарна нохчийн мотт Iаморна тIе цо боккха тидам бахийтина хилар. ДIадаханчу шерашкахь кIиранах цкъа бен ца хуьлура нохчийн меттан урок, ткъа хIокху шарахь кIиранах шозза хуьлура иза. Хь.Юнусовс дийцарехь, оцу урокаша дикачу агIор тIеIаткъам а бира дешархошна.

IMG_4645

Школехь журналистикин теори йовзийтарал сов, практика а хир ю церан. Вайн республикехь хуьлучу тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь, кхоллараллин суьйренашкахь, телевизионни программашкахь дакъа а лоцуьйтур ду дешархошка. ТIаккха церан таро хир ю журналистан болх ма-барра бовза а, шайна девзинчух пайдаэца а. ХIокху шарахь къоначу корреспондентийн школин дешархошца бан леринчу балхах лаьцна дерг оха дуьйцур ду газетан рогIерчу цхьана номерехь.

З.ЛОРСАНОВА 

И.ХАСАХАНОВН суьрташ

№80, шинара, мангалан (июль) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: