2016-чу шеран хьалхарчу эхашарахь Соьлжа-ГIала баьхкинчу туристийн барам 2015-чу шеран хьалхарчу эхашарца дуьстича, 30 процентана лакхабаьлла. Иштта хаам бина Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима.
– Карарчу шеран эхашарахь Соьлжа-ГIала 33 эзар сов турист веана. Даханчу шарца дуьстича, 30 сов процент лакхабаьлла хуьлу церан барам. Республикин пачхьене хьовса къаьсттина дукха туристаш оьху Россин субъекташкара а, Казахстанера а, – элира цо.
М.Хучиевс билгалдаккхарехь, Соьлжа-ГIалахь туристашна лерина 4 маршрут ю. Амма денна а хьошалгIа оьхучу туристийн тобанийн лаамашка хьаьжжина, керла маршрут хIотторехь а гIо-накъосталла до царна гIалин мэрис.
– ГIалин таханлера истори евзина ца Iаш, цуьнан кхоллаяларх а, Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман а, нохчийн халкъ махкахдаьккхинчу а, XX-чу бIешеран чаккхенехь республикехь тIеман ши кампани дIаяхьаран муьрехь гIало лайнарг а довза лууш хуьлу дуккха а туристаш. Соьлжа-ГIалахь бина а болуш, амма цхьацца бахьанашца кхузара дIабаханарш а богIу сих-сиха. Къаьсттина чIогIа яьржина ю хиламийн туризм. ГIалин 198 шо кхочучу муьрехь а бу дуккха а туристаш бахка кечбелла, – элира М.Хучиевс.
Республикехь туристско-экскурсионни гIуллакхаш кхочушдаран «Тур-Экс» компанин куратора Исакова Дагмарас дийцарехь, республикехь туристашна лерина тайп-тайпана маршруташ ю: доьзалашна я доттагIашна лерина а, гIаш я говрахь лела а, пачхьенехь я лаьмнашкахь, лела а, иштта дIа кхин а.
– Пачхье схьаэцча, туристашна лекхагIишлойн «Грозный-Сити» комплекс а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долу «Нохчийчоьнан дог» маьждиг а ган лаьа. Цул сов, царна чIогIа хазахета вайн къоман кхачанаш а, ламасташ а, Iер-дахаран хатI а, – билгалдаьккхира цо.
И.ХАСАХАНОВ
№80, шинара, мангалан (июль) беттан 19-гIа де, 2016 шо