Соьлжа-ГIалахь А-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь кхийрачу флористикин искусствон говзанчин Тесаева Алинин белхийн гайтам схьабиллина.
Иза дуьххьарлера персональни гайтам бу Алинин. Цунна «Тамашийна беш» цIе тиллина пхьеро.

Гайтам схьабоьллуш дакъалецира А.Тесаеван накъосташа, гергарчу наха, декоративни-прикладни искусствон пхьераша, искусство езархоша.
Алинас дийцарехь, кхийрачу флористике иза марзъелла дукха хан яц, кхо шо бен. Нахехь куьйга-говзалла хилар доккха хIума хеташ йолу иза ша Красноярски крайра Нохчийн Республике цIайирзича бен хьаьжна яцара экспонаташ ян, поппарца болх бан. 2011-чу шарахь Сибиран пачхьалкхан технологин университет чекхъяькхина, инженер-технолог говзалла йолуш ю иза. Юьхьанца кегий зезагаш дора цо, цул тIаьхьа 10 зезагах лаьтта курс йира.
– Оцу зезагашна масех кIира хан яйъира ас. Цул тIаьхьа белхаш мелла а сиха а, хаза а бан хьожура, – боху пхьеро. Цо ечу зезагийн курсийн дуьнен чохь ду боху массо а беснаш ду. Цхьадолу зезагаш баккъал дийна долуш санна шайх хаза хьожа етталуш а ду цуьнан. Шена Iеминарг кхечарна Iамош а самукъадолу цуьнан. Интернет сетерчу YouTube чохь шен видеоблог ю Тесаева Алинин. Цигахь хIора говзар ша муха йо дуьйцу цо.
Ткъа шен дуьххьарлерчу персональни гайтаме хьовсархойн тидаме 20 болх биллина цо. Уьш кхийрах, фарфорах, туьтех, иштта кхечу гIирсах бина бу.
Алина къона говзанча ю. Кхийрачу гIирсаца болх бечу нахана юкъахь уггаре а къона ларалуш ю иза. Цуьнан бахам – хиндолу къинхьегаман шераш а, цаьрца сов дера долу зеделларг а ду. Алина гIараяьлла евзаш йолу говзанча хилла дIахIуттур ю тIейогIучу заманахь. Дала мукъ лахь.
Гайтам цхьана баттахь лаьттар бу.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№80, шинара, мангалан (июль) беттан 19-гIа де, 2016 шо