
Кху шеран 23-чу апрелехь 91 шо кхочу Нохчийн маттахь арадолуш долчу «Даймохк» газетан. Кху Нохчийн махкахь хилла ца Iаш, ерриге Россехь а уггаре ширачех цхьаъ долу газет ду «Даймохк». 91 шо хьалха дуьйна цхьа а йоза кхечу маттахь ца дуьллуш, беккъа цхьана вайн ненан маттахь, нохчийн маттахь кIиранах кхузза арадолуш, схьадогIуш а ду. Цунна лерина вовшахкхетар хир ду 22-чу апрелехь 2 сахьт даьлча Зорбанан цIийнахь.
Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.