Нохчийн пачхьалкхан университетехь экономикин хаарш тIедузу

Йоккхачу бизнесе дуьххьара гIулчаш яха атта дац. Доккха Iилма а, хаарш а оьшуш гIуллакх ду иза. Оцу Iалашонца Нохчийн пачхьалкхан университетехь вовшахтоьхнера экономикин декъехула шайн хаарш шордан лаам болу къона бизнесменаш а, иштта экономикин хьаьрмахь хьалхара гIулчаш йохуш берш а. Практикин консалтинган сессеш ю Нохчийн пачхьалкхан технопаркан буха тIехь дIахьош.

Инновационни компанешна а, Iилманан юкъараллина, говзанчашна а, инверсторшна а лерина дIахьош ю дешаран сессеш. Цигахь дийцаре до хьо мила ву? Хьан хIун Iалашо? Хьуна стенна кхион лаьа бизнес? иштта кхидолу хаттарш.

Къона бизнесменашна шайн проекташна презентаци ян а, инвесторш шайна тIеберзо а Iамош, бизнес-майданаш кхолларан а, кхиоран а цIеяххана евзаш йолчу компанеша дIаяьхьначу лекцин курсашка ладуьйгIира Iемачара сессин хьалхарчу декъехь. Iалашонаш билгалъян, декхарш хIитто, деш долу гIуллакх эвсаралла йолуш хилийта Iамийра шайна къоначу бизнесменаша.

Верриге а цхьа бIе гергга къона бизнесмен вара экономикин декъехула шайн хаарш тIедуза веанарг. Инвесторшна луш йолу заявкаш кечъян хаар а дара оцу сессехь тидаме диллина. Вайн республикин экономика луларчу республикийн экономикана тIаьхьакхио езаш ю. Цундела мехала ду вайн республикехь оцу тайпа цхьаьнакхетарш дIадахьар. Хууш ма-хиллара, туризм кхуьуш йогIуш йолчу махкахь инвесторш а алсамбовлу. Уьш алссам мел хили а экономика сиха кхуьур ю.

ДИКАЕВА ЯНИНА

№80, шинара, мангалан (июль) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: