«Россин Доккха таж» цIе йолу дзюдоистийн дуьненаюкъара турнир хIинца кхоалгIа дIахьош ю Тюменехь.

Июль беттан 16–17-чуй деношкахь дIаяьхьначу турнирехь дакъалоцуш бара 25 пачхьалкхера (Япони, Азербайджан, Швеци, Серби, Хорвати, Венесуэла, Босни а,Герцеговина а, Словени, Тунис, иштта кхин а) спортсменаш. Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь турнирехь кхиамца дакъалецира нохчийн дзюдоисташа а. Иштта шен йозаллин категорехь (100 кг.) шолгIа меттиг яьккхира спортан дуьненаюкъарчу классан мастера, Европин чемпионатан толамхочо Бисултанов Iадлана. Россин чемпиона, спортан дуьненаюкъарчу классан мастера Шамилов Якъуба (66 кг.) йоьзан мидал яьккхира.
Россин вовшахтоьхначу командин толамна юкъа шайн хазна йиллира гIалгIайн спортсменаша а. Йозаллин 73 кг. категорехь дашо а, дато а мидалш ехира Могушков Мусас а, Хамхоев Iаьрбис а, шен йозаллин категорехь (90 кг.) шолгIа вара Халмурзаев Хьусайн.
Хь.АБАЕВ
№80, шинара, мангалан (июль) беттан 19-гIа де, 2016 шо