Бакъдолчара тоьшалла до

ХIокху деношкахь вай билгалдоккху башха дезде – 10 шо кхаьчна Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин. Оцу йоццачу, амма тайп-тайпанчу хиламашца хьал долуш хиллачу хенахь цо боккха болх бина граждански юкъараллин институташ вовшахтохарехь а, Iедалан урхаллин органийн балха тIехь таллам латторехь а юкъараллин цхьаьнакхетараллийн ницкъаш тIеттIа гулбарехь а, законийн проекташна юкъараллин экспертизаш ярехь а.

_MG_1571_w1200_h8003

Итт шарахь жигара бинчу балхо Нохчийн Республикин Юкъараллин палатех Iедалан а, юкъараллин а дагадовларан беркате майда йина. Шен коьртехь республикехь дика вевзаш волу юкъараллин-политикин гIуллакххо Батаев ГIайрсолта волчу Палатин йоккха йоцчу коллективо бIаьрла хазна йиллина Нохчийн Республикехь граждански юкъаралла кхиорна юкъа.

Шайн жигараллица республикехь дика евзаш йолчу юкъараллин организацеша шайна юкъара хаьржина бу Юкъараллин палатин декъашхой. Юкъараллин дахаран уггаре а лазаме, адамийн сагатдеш долу гIуллакхаш дийцаре дарна лерина бахархошца бIеннаш цхьаьнакхетарш а, Iедалан а, юкъараллин а векалшца цхьаьна иттаннаш кхеташонаш а дIаяьхьна Юкъараллин палато чекхдаьллачу итт шарахь.

Тахана хала ду Нохчийн Республикин Юкъараллин палата а йоцуш, «Iедал-юкъаралла» чIагIъелла зIе хьалхахIотто. Палато бинчу белхан маьIнех кхета лахара бакъдерш а кхачаме ду. Федеральни 19 а, республикин 45 а законопроектана кхачам боллуш экспертиза йина Юкъараллин палато, дукхах йолчу Iедалан органашкахь вовшахтоьхна юкъараллин кхеташонаш.

Хазахеташ ду Юкъараллин палато къоман-культурин туьшашца а, хаамийн гIирсашца а уллера зIе латтош хилар. Оцу дерригено а тоьшалла до Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь къахьоьгуш къоман бакъболу патриоташ хиларна. Цара шайн балхаца чIагIдо Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалбинчу новкъа, цуьнан весеташ дахарехь кхочушдеш схьавогIучу нохчийн къоман тхьамдин Кадыров Рамзанан тешаме накъостий шаьш хилар!

УМАРОВ ДЖАМБУЛАТ,

Нохчийн Республикин къоман политикин арахьарчу зIенийн,зорбанан, хаамийн министр

№81, еара, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: