Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Алматахь хиллачу бохамашца доьзна кадам а бира, гIо-накъосталла дан кийча хилар а хаийтира Казахстанан куьйгалле. Цо билгалдаьккхира Алматахь теракт яр бахьана долуш, полицин белхахой а, маьрша бахархой а кхалхар нохчийн халкъо чIогIа халахетарца тIеэцна хилар.
«Масех де хьалха Актобехь герз лачкъо а гIоьртинера террористаш. Цигахь а кхелхира маьрша бахархой. Ас кадам бо Казахстанан ларамечу Президенте Назарбаев Нурсултане. Тхан дегнаш а, тхан доIанаш а Казахстанан халкъана а, куьйгаллина а диканиг доьхуш хилар дIахаийтар сайн декхар хета суна», – яздина Кадыров Рамзана.
Иштта цо билгалдаьккхира дозанал арахьарчу пачхьалкхийн куьйгалхойх Нохчийн Республикина уггаре а хьалха гIоьналлин куьг кховдийнарг Назарбаев Нурсултан хилар нохчашна дицделла цахилар.
«Казахстанан Президентан гIоьнца динчу цIийно хазйо Нохчийчоьнан пачхьенан юкъ. Нохчийн халкъо Назарбаев Нурсултанан цIе Соьлжа-ГIаларчу урамна а, школина а тиллина. Казахаш нохчашна вежарий бу, ткъа Казахстан – дуккха а нохчашна шолгIа цIа ду. Оцу махкахь вина Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цигахь дIабоьхкина бу сан дуккха а гергара нах, сан дедеваша а цхьаьна. Нохчийн халкъо Iаьвшина дуьненаюкъарчу терроризман «беркат». Цунна дуьхьал къийсам латторан некъа тIехь кхелхина эзарнаш нах. Цундела нохчашна дика хаьа терроризмаца забарш ян я цуьнга уьш яйта а мегарг цахилар. Теракт ян ойла йолуш волу стаг хIаллакван везаш ву. Набахте я лаьттан ши метр кIоргалле хьажо везаш ву. Кхин агIо ян а яц цуьнан», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.
Ша яздинчунна тоьшаллина билгалъяьккхира цо Шема. Цигахь, Кадыров Рамзанна хетарехь, малхбузенан пачхьалкхаша баккъал а терроризмана дуьхьал къийсам латторан метта, царна «оппозици», «шайн дозанаш девзаш йолу тоба» бохуш цIерш а техкина, цара шайн тайнигаш йина. Ткъа дIахьаьжча а, схьахьаьжча а хIаллакдеш дерг Шемин маьрша халкъ ду.
«Суна дIахаийта лаьа дерриге а дуьненан мостагI йолчу терроризмана дуьхьал къийсам латторехь Казахстанан халкъана оьшуш долу гIо-накъосталла дан Нохчийчоь а, цуьнан халкъ а кийча хилар. Билгалдаккха догIу терроризмана дуьхьал къийсам латторехь цхьаьнаболхбаран гIуллакхаш Соьлжа-ГIалахь дийцаре дина хилар. Цигахь дакъалецира Россин Кхерамазаллин советан секретара Патрушев Николайс, Казахстанан Кхерамазаллин советан секретара Ермекбаев Нурлана. Машар а, кхиар а хуьлда Казахстанан халкъана!», – дерзийра Кадыров Рамзана шен къамел.
И.ХАСАХАНОВ
№81, еара, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2016 шо