ГIалин урамаш, некъаш кхин а хазлуш ду

Соьлжа-ГIалин мэрин говзанчаша дIадаьхьира социальни ерриге а объекташкара хьал, царна тIедоьлхучу некъийн дикалла таллар. Цо гучудаьккхира 95 объектана а, царна тIедоьлхучу некъашна а реконструкци ян езаш хилар. Оцу декъехь сихонца белхаш дIа а болабайтира цара. Таханлерчу денна чекхдаьккхина 36 объектана тIедоьлхуш долу некъаш, асфальт а юьллуш, тодар, гIашлойн некъаш тIе (тротуараш) керла экъанаш яхкар, бордюрийн тIулгаш хийцар.

article477

Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима дийцарехь, социальни ерриге а объекташна тIедоьлхуш долчу некъашца дIахьош бу и белхаш. Асфальт, ца юхуш, ехха латтийтархьама йочанаш хилча хи дIадаха меттигаш ю еш. «Иштта, Олимпийски проездехь догIанаш даьхкича хи дIадоьдийла еш, канализацеш йина. Цигахь кхул хьалха уьш цкъа а хилла яц. 26 цIенна гуонаха лаьтташ Iаьмнаш хуьлура кхузахь, ур-атталла аьхка а дакъа а ца луш. Мэрис Iуналла деш, терго еш догIанаш даьхкича хи дIадахийтарна лерина йолу 51 километр канализацеш ю. ХIокху шарахь иза кхин а 10 километр йина. Даккхий догIанаш даьхкича Iаьмнаш хIуьттуш йолу 10 меттиг билгалъяьккхина гIалахь», – бохура М.Хучиевс.

Цуьнца цхьаьна, гIалин мэра чIагIдарехь, ерриге а социальни объекташна хьалха машенаш дIахIитто меттигаш тоьаш цахиларца доьзна и меттигаш кхитIе а шоръеш ю.

Коммунальшикаша хIинцале чекхбаьккхина Федеративни урам тобеш-хазбаран болх. Оцу урамехь ю №4 йолу гIалин клиникин больница. Цунна тIебоьдучу некъаца бордюрийн тIулгаш хийцина, керла асфальт йиллина, догIанаш дIадахийтарна лерина 500 мерт еха канализаци йина. Цу чухула дIагур ду оцу а, юххерчу урамашкара а хи.

IMG_1706

Бинчу белхашка бIаьрг тухуш чекхволучу хенахь Хучиев Муслима белхалойн тидам тIебахийтира, урамаш а, социальни объекташна гуонахара меттигаш а цIена, оьзда, хаза хила езаш хиларна. «Кхачаме дац некъаш, объекташ тояр, нагахь вай уьш цIена латтош ца хилча», – бохура цо.

Билгалдаккха деза социальни объекташна а, езачу меттигашна а тIедоьлхуш долу некъаш, урамаш тодеш-хаздаран белхаш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца хIокху шеран юьххьехь дIаболийна хилар а, сентябрь баттахь чекхбаха безаш хилар а.

С.ХУСЕЙНОВ

№81, еара, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: