Республикин Юкъараллин палато дийцаре до бахархойн а, юкъараллин цхьаьнакхетараллиийн а, меттигерчу Iедалан органийн а, коммерчески йоцчу организацийн а хьашташна лерина а, юкъараллин маьIне а долу гIуллакхаш.
Оцу Iалашонца, республикин Юкъараллин палато цхьаьна болх бо пачхьалкхан урхаллин органашца а, коммерчески йоцчу организацешца а, юкъараллин цхьаьнакхетаршца а. Цул сов, дIахьо бахархойн а, организацийн а дIахьедаршна регистраци яран а, меттигерчу Iедалан а, пачхьалкхан урхаллин а органашка дIахьедарш даран а болх.
ТIаьхьарчу шерашкахь республикин Юкъараллин палато хIокху агIонашкахь болх бина:
– граждански юкъараллин институташна кхиорехь а, Нохчийн Республикин меттигерчу Iедалан а, пачхьалкхан урхаллин а органашца церан зIенаш дIатасарехь а гIо-накъосталла дар;
– меттигерчу Iедалан а, пачхьалкхан урхаллин органийн а балхана юкъараллин терго латтор а, бахархойн бакъонаш Iалашъяр а;
– социальни хьашташна леринчу коммерчески йоцчу организацешна (НКО) гIо-накъосталла даран программаш хIитторехь дакъалацар;
– тайп-тайпанчу механизмийн гIоьнца юкъараллина хетарг таллар а, бахархошна коьрта хетачу гIуллакхашца доьзна магораш (меттигерчу Iедална а, пачхьалкхан урхаллин органашна а лерина) хIиттор а;
– Нохчийн Республика социальни а, политикин а, экономикин а кхиорна лерина долчу бахархойн дIадолоршна гIо-накъосталла дар;
– граждански юкъараллин институташ мехкан экономикина а, кхидолчу дакъошна а модернизаци яран гIуллакхна юкъаозор;
– Нохчийн Республикехь дехачу халкъийн башхалла Iалашъярехь а, граждански юкъаралла кхолларалехь а дакъалацар;
– шуьйрачу хаамийн гIирсашца зIенаш латтор;
– бахархошлахь дахаран могашаллин васт а, политикин а, бакъонан а культура яржорехь дакъалацар;
– коррупцина, ксенофобина, экстремизмана, терроризмана дуьхьал къийсам латтор а, юкъараллин къепе Iалашъярехь дакъалацар а;
– пачхьалкхан урхаллин а, меттигерчу Iедалан а органийн законийн а, омрийн а, нормативни актийн а проекташна юкъараллин экспертиза яр.
Цхьана хоршахь дIахьо республикин Юкъараллин палатин пленарни кхеташонаш а, Палатин кхеташонаш а, иштта юкъараллин маьIне долу тайп-тайпанан цхьаьнакхетарш а. Юкъараллин палатин комиссин белхаш а бу дIахьош. Палатина маьIне ду юкъараллина а, пачхьалкхана а юкъахь диалог хилар. Цуьнца доьзна палато дIахьочу дукхахдолчу цхьаьнакхетаршкахь дакъалоцу пачхьалкхан урхаллин органийн а, НКО-н а, кхоллараллин интеллигенцин а, юкъараллин а векалша.
Лаккхара мах хадо мегар ду Юкъараллин палато дIахьочу юкъараллин ладогIарийн а. Церан жамIийн буха тIехь кечдина долу магораш дIасахьажадо Нохчийн Республикин законодательни а, кхочушдаран а, меттигерчу а Iедалан органашка.
Республикин Юкъараллин палатин тергонехь лаьтташ ю республикин коммерчески доцчу декъан нормативно-бакъонийн бух кхиоран проблемаш а.
Юкъараллин палатин дIадолорца дIахьош ду тайп-тайпанчу ведомствошкахь а, министерствошкахь а Юкъараллин палаташ кхоллар.
«Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин хьокъехь» долчу республикин Законца нийса а догIуш, хIора шарахь зорбатуху «Нохчийн Республикин Юкъараллин палато бинчу белхан а, граждански юкъараллин а хьокъехь» цIе йолу доклад. Цу тIехь билгалдаьхна хуьлу Юкъараллин палатин магораш а, хетарш а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIедилларца нийса а догIуш, Юкъараллин палатин уггаре а коьртачарех цхьа декхар ду экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам латтор. Цуьнца нийса а догIуш, республикерчу хьолана мониторинг яран белхаш, кIошташкахь цхьаьнакхетарш дIадахьар дIадолийна.
Цундела билгалдаккха лаьа, республикин Юкъараллин палато бечу белхан Баркаллин кехаташца Россин Юкъараллин палато сих-сиха мах хадош хилар.
Вуьшта аьлча, Нохчийн Республикин Юкъараллин палато беш боккха болх бу. Цундела билгалдаккха мегар ду, Юкъараллин палата Iедалан а, юкъараллин а зIе латторан орган хилла дIахIоьттина хилар.
Цул сов, республикин Юкъараллин палато ша бечу балхана юкъа а озийна дуккха а организацеш, тайп-тайпанчу юкъараллин хиламийн координатор а хилла.
Автор: АЛИЕВ ТИМУР,
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча
Гоч: ХАСАХАНОВ ИСЛАМ
№81, еара, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2016 шо