Дагалацаран суьйре

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь дIаяьхьира поэт, журналист, Россин Яздархойн союзан декъашхо Осмаев Асламбек дагалацаран юбилейни суьйре. Иза вовшахтоьхнера Соьлжа-ГIалин библиотеко.

20160713_145140

Шен къоман бакъволу патриот дагалаца а, цунах дош ала а веанера поэт, яздархо, журналист Кусаев Iадиз, халкъан илланча Усманов Iимран, гочдархо Ирисханов Iимран, яздархо, журналист Муцураев Олхазар, юкъараллин а, интеллигенцин а декъашхой, библиотечни системин белхахой, хьехархой, студенташ.

Соьлжа-ГIалин библиотекин белхахочо Олигова Розас, I.Кусаевн «Нохчийчоьнан яздархой» книги тIера А.Осмаевн дахарх лаьцначу дийцарца дIайолийра суьйре.

А.Осмаев вевзаш хиллачу цуьнан доттагIаша а, белхан накъосташа а дуккха дийцира поэтах а, шен халкъана цо йитинчу поэзих а лаьцна.

А.Осмаевн хьокъехь хьакъ доллучу кепара Л.Кунис аьллачу дешнашца дерзийра шен къамел I.Кусаевс. «Оцу стагаца уьйр хила ирс хиллачеран сирла дагалецамаш бисина цунах. Кхечарах иза къаьстара шен дог цIена хиларца а, вайн лаьтта тIехь дика деба лаарца а».

Цул тIаьхьа къамелаш динчу Асламбекаца уьйр хиллачара дуккха а диканиг дийцира поэтах лаьцна цунна шен халкъ дезарх, кхечунна дика хилийтархьама ша ца кхоош иза хилла хиларх а лаьцна.

20160713_145242

Зала чохь дIахIоттийна хиллачу А.Осмаевн литературни говзарийн гайтамна хьалха цуьнан стихаш йоьшуш, I.Усмановс цуьнан дешнаш тIехь даьккхина масех илли олуш кхидIа а дIаяьхьира суьйре.

Суьйренан дакъалацархоша баркалла элира Р.Олигована поэтан, журналистан Осмаев Асламбекан сий-ларам беш хIара гIуллакх вовшахтохарна.

Л.ДАУТОВА

М.АБАЛАЕВАН суьрташ

№81, еара, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: