ХIай, стенах язде-те? – бус-буса пал туьйсу ас.
– Кехат тIехь балхабе хьайн бала, ца кхоош аз.
– Ткъа шуна хIун оьшу ас хьоьгу къа-бала сан?
– Цхьа адам ма ду со! Оцо са ма дуу сан!
И могIанаш ас яздина дог доьхна висинчу хенахь. Ткъа муьлххачу журналистана а, литераторна а и деган Iовжам дика ма бевза. Оьшуш дерг деккъа цхьаъ ду: ладогIа, лерина хьежа дахаран чолхалле.
– Ассалам Iалайкум! – ширачу заманахь ков тухуш хилла вевзаш воцчу хьешо.
– Ва Iалайкум салам! ВогIийла марша! – жоп луш хилла хIусамдас.
Тидам бел аш: «ВогIийла марша!». Оцу дешнаша чулоцу дуккха а. Ишттачу оцу хIусамехь парггIат буьйса а, ши буьйса а йоккхур ю. Даима Iен а тарло.
Мел халахеташ делахь а, вайн заманахь хьаша-да тIеэцарх, цуьнан гIуллакхе хьажарх болу кхетамаш кхечу тIегIан тIе бевлла.
Хан йоцчу хенахь цхьамма ков я неI тоьхча, цкъа хьалха къайллах ла а дугIий, тIаккха кхуссу вай:
– Мила ву?
Нохчичун юьхькIайеш боца тешам а, хаттар а ду иза.
Доккхачех дац иза. Амма оцу кегамерсачу хIуманашна тIера дIадолало къам хIаллакьхилар.
Со школехь доьшуш волуш, дагадогIу суна, хьоьхуш «Этика и психология семейной жизни» бохуш жайна дара. Иза яздиначара дицдинера СССР дукхакъаьмнийн пачхьалкх а, хIора къоман шен-шен гIиллакхаш а, ламасташ а хилар.
Цхьа масал.
Вайна дукха гина классика ларалуш йолчу фильмашкахь иштта суьрташ. Суьйранна хьошалгIа вогIу лулахо. ХIусамдай пхьуьйре еш бу. Царах цхьа а стоьла тIера хьала ца гIотту, амма хаттар-м до:
– Кхачанах кхетар вуй хьо? – олий.
Вукхо вац аьлча, хIусамдай, кхин шек а боцуш, пхьор чу дууш хуьлу.
Иштта идеологи яра вайна хьоьхуш ерг.
Кхин цхьа масал дало а лаьа.
Цкъа со Москва гочдархойн семинаре вахийтинера. Иза Переделкинохь дIаяхьа езаш яра. Хьалхарчу суьйранна цига гулделира тхо – дакъалацархой. Охьавижале жимма волавала аравелира со. ТIаккха цIеххьана Козловский Яковца цхьаьнакхийтира. Иза вай долчохь дика вевзаш вара, коьртачу декъана, Гамзатов Расулан гочдархо санна. Ткъа Яков Абрамовичца со дуккхаза цхьаьнаветтавеллера Соьлжа-ГIалахь, ХIинжа-ГIалахь (Махачкалахь), Москвахь дIахьочу литератури цхьаьнакхетаршкахь.
ГIалахула жимма волавелла леллачул тIаьхьа Яков Абрамовича соьга хаьттира:
– Цхьаьний пхьуьйре йича хIун дара-те вайшимма? ТIегIерташ еха буьйса а ю. Со-м мацвелла.
– Дукха дика хир ду! – тIетайра со.
Чоме кхача биъна тхаьш девлча, со кисана кхевдира.
– Маггане мегар дац! – хадам боллуш схьахьедира цо. – Хьо сан хьаша ву! ЙогIу харж ас дIалур ю.
Иштта хир дарий-те иза, ойла йора ас, нагахь санна Козловский Якова еххачу хенахь Гамзатов Расулаца доттагIалла ца лелийнехьара? Хир дацара. Со дуккхаза цхьаьнаветтавелла Москвахь, Санкт-Петербургехь, Ростовехь, кхечу гIаланашкахь меттигерчу бахархошца. Церан кхетам иштта бу: тIевеана вуй, делахь-хIета, шай-кай йолуш ву.
Суна лаьа дешархой сайх нийса кхетийла. Со ца гIерта оцу я вукху халкъан дIахIиттина девлла гIиллакхаш емалдан. Суна, нохчийн гIиллакхашна тIехь кхиъна хиларе терра, герга ю вайнехан амалш.
Цундела, цхьамма ков тоьхча:
– Ассаламу Iалайкум!
Жоп ло ас:
– Ва Iалайкум салам! Марша вогIийла!
ШАЙХИЕВ Iалвади
№81, еара, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2016 шо