Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министр Сулейманов Эльхан а, Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин институтан директор Байсултанов Идрис а, Росздравнадзоран Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин куьйгалхо Термулаева Рита а, юкъараллин «Нохчийн Республикин Лоьрийн палата» организацин председатель Межидов Казбек а, Нохчийн медицинин колледжан директор Садыханова Разет а цхьаьнакхийтира Нохчийн Республико Россин Федерацин медицинин ВУЗашка деша хьовсош болчу студенташца.
Школа кхиамца чекхъяьккхина, ЕГЭ дIаяларехь 200 балл яьккхина 30 выпускник Москварчу а, Санкт-Петербургерчу а, Ростоверчу а, Ставрополерчу а, Волгоградерчу а медицинин институташка деша дIаэцна. Абитуриенташца бина барташ бу дешна бевллачул тIаьхьа церан шайн республике цIабирзина, шайна билгалдинчу шерашкахь Нохчийчохь болх бар тIедожош.
И гIуллакх динарг Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерство ю. Министра Сулейманов Эльхана билгалдаьккхира: «Могашалла Iалашъяран министерство Россин ВУЗийн ректоршца даима а зIе латтош хир ю, деша бахийтинчу вайн студентийн дешарца дерг тидамехь латтош, оьшучохь гIо-накъосталла деш. Студентийн хаарш, церан кхиамаш оха тидамехь латтор бу, оцу балхо вайн республикина дика говзанчаш лур бу».
Цхьаьнакхетар дерзош республикел арахьа деша баха кечлучу кегийрхошна хьехарш дира баккхийчара. Кхечу гIалахь шайн къоман юьхь ларъяр тIедужуш хилар а карладаьккхира. Э.Сулеймановс кхин цкъа а билгалдаьккхира, Нохчийн Республикина говза, хьуьнар долу лоьраш оьшуш хилар. Нохчийн кегийрхошка Россин медицинин институташкахь дешийтархьама Нохчийн Республикин куьйгалло а, Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствос а бинарг боккха болх бу.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№81, еара, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2016 ш