Суна-м моьттура суо къинойх цIена ву…

Дукха нисвелла со, цкъа а хьалхавалалур а вац аьлла, хетачу хьелашка. Далла бу хастам, сох къинхетам барна.

Ткъа цкъа соьца нисделларг могIарерчу хьелех дерг дара.

Ца хаьа суна, кисанахь шайнаш цахиларна я кхечунна делахь а, балхара цIа ваха гIаш дIаволавелира со.

Дикка гена ваьлла дIавоьдуш, цIеххьана сан бIаьрг кхийтира, горг а велла, лайлахь Iуьллучу цхьана жимачу стагах. Декабран суьйре яра тIегIерташ. «Шелоно вахьо ма тарло хIара-м», – дагатесира суна.

ТIе а вахана, мелла-м вац техьа хIара аьлла, хьаьжира со. Маларан хьожа яцара йогIуш. Пха бетталуш буй а хьаьжира. Лайлахь Iуьллург билггал дийна вара, амма кхетамчохь вацара.

Машен лаца еза аьлла, дагатесира суна. Амма стенга вига веза ца хаьара. ТIаккха кисанаш талла волавелира. Цхьадика, цунан паспорт шеца хиллера. ХIуьттаренна санна, цхьа а машен яцара дIасайоьдуш. Иза хала-балица ги а воьллина, дIаволавелира со. Сан ирсана, цхьа таксист гучувелира. Иза суна тIекхачарций, ша сецира:

– ГIо-накъосталла оьший хьуна? – элира цо.

– ЧIогIа оьшу.

Цо паспорта тIехь долчу адресца дIадигира тхо. ГIо дира кхетамчохь воцуш Iуьллуш волу некъахо охьавоссош а. Со кисана кхевдича, цо дуьхьало йира:

– Ца оьшу.

Ас ков туьйхира. Жима зуда араелира. Ас валийначуьнга лерина дIа а хьаьжна:

– ХIара сан цIийнда ву! – эккхийтира цо.

ТIаккха:

– Вийна! Вийна! – бохуш, цIогIа а бетташ, лулахойн ков детта йолаелира.

Со воьхна лаьттара. «Бехк суна тIетатта там бара хIокхара», – ларамаза дагатесира суна. Аравелира воккха стаг. Со тIаьхьа кхийтира – иза ас валийначун да хиллера.

– ХIара муха нисделла? – хаьттира цо.

– Ца хаьа суна. Со новкъахь тIеIоттавелира хIокхунна. Кисанахь паспорт а карийна, цIа валош веана-кх со.

– Схьагайтал хьайн паспорт, – омра деш санна, элира цо.

– Соьгахь паспорт дац. Шун кIант дийна ву. Цунна скори оьшу. Сихха.

– Паспорт схьагайта боху ас! – тIе а чевхаш, эккхийтира воккхачу стага.

– Паспорт дац соьгахь. Яздархочун билет-м ду, – дIакховдийра ас.

Иза цуьнгахь а дитина, сайн адрес а дийцина, Веза-Воккхачу Дала маршалла дойла хIокхунна а аьлла, дIаволавелира со.

Иза Нохчийчохь чхьагбаьлла шолгIа тIом дIабоьду мур бара. Воккхах волчу вашас, цхьана ханна, Соьлжа-ГIалара Хасавюьрта гергарчу нахе дIабигнера тхан доьзал. Цигахь цкъачунна гIалин газете балха дIа а тарвелла, Iаш вара со. Цундела кхузара нах дика ца бевзара суна.

… Цул тIаьхьа масех бутт баьлча, Хасавюрт гIалин цхьана некъашкъаьстийлехь цхьа жима стаг тIевеара суна.

– Хьо варий со лечуьра хьалхаваьккхинарг? – белшах куьг туьйхира цо.

– Суна дага-м ца вогIу хьо?

– ЦIеххьана инфаркт а хилла, лайлахь Iуьллуш волу со ахь цIа вигна хиллера.

– Дала могаш-маьрша лелавойла хьо! Амма хьан да ца тийшира сох. Дерригенна шаболлу бехк сох гора цунна. Сан яздархочун билет цуьнгахь дисина. Иза сох схьатохахьа.

– ХIара-м ас сайца лелош долу дукха хан ю. Кху тIерачу хьан суьрте хьаьжча, хьо вевзира суна. ХIинцца бен тIеттIа ца Iоттавели-кх вайша. Тхан да а хьо ган чIогIа хьаьгна ву. Хьо къинтIера ваккха лаьа цунна. Сан хIусамнанас «Вийна! Вийна» – аьлла цIогIаа хьаькхча, воьхна хиллера иза. Амма ахь шега дийцина адрес дагахь ца лаьттина цунна. ХIора сарахь а со цIа веача, хьо хотту цо. Хьан хан елахь, тхоьга гIур вара вайшиъ. Валохьа!

– Суна-м моьттура суо къинойх цIена ву. Уьш хьерчош а хилла ас-м, – забар а йина, цунна тIаьххье дIаволавелира со.

ШАЙХИЕВ Iалвади

№81, еара, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: