Граждански юкъаралла кхолларан керла мур

Нохчийн Республикин Юкъараллин палата кхолларца граждански юкъараллин барт чIагIбаран керла, маьIне мур болабелла шун регионехь – пачхьалкхан урхаллин органаша а, юкъаралло а цхьаьна гIуллакхаш даран мур.

Бречалов

Чекхдаьллачу итт шарахь белхан доккха зеделларг IаIийна, дахарехь кхочушдина адамийн Iер-дахаран хьелаш тодарна а, республика а, мохк а кхиорна а тIехьажийна мехала дIадолораш. Юкъараллин палатин декъашхой бу республикехь дика бевзаш болу юкъараллин-политикин гIуллакххой, Iеламнах, Iилманчаш, яздархой, журналисташ, могашалла Iалашъяран а, дешаран а, культурин а белхахой, спортсменаш. Шайн балхаца а, оьзадангаллица а бахархошна масал хилла лаьтташ нах бу уьш.

Со тешна ву Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин кхидIа болу болх а шун регионан а, берриге мехкан а бахархошна оьшуш а, пайдехь а хирг хиларх.

Даггара лаьа адамийн а, юкъараллин а, пачхьалкхан а зовкхан дуьхьа къахьегарехь шун кхиамаш хуьлийла!

А.БРЕЧАЛОВ,

РФ-н Юкъараллин палатин Секретарь

№81, еара, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: