19-чу июлехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, «Кхиарехьа зударий» цIе йолчу Автономни коммерчески йоцчу организацис а Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь «Къона зударий а, йоIарий а радикализмана юкъаийзорна дуьхьал къийсам дIабахьарна граждански ницкъаш вовшахтохар чIагIдар» аьлла йолчу проектан гурашкахь «Нуьцкъала доьзал – нуьцкъала юкъаралла» темина цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан аппаратан а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон а, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин а, Нохчийн Республикин МВД-н экстремизмана дуьхьал къийсам дIабахьаран отделан а, иштта тайп-тайпанчу юкъараллин организацийн а векалша.
Гулбеллачара хьалха хIиттийна коьрта Iалашонаш яра: къоначу зударшна юкъахь радикализм яржаран проблема йийцаре яр а, цаьрца цхьаьна болх бан а, къамел дан а Iедалан органийн векалш а, граждански юкъаралла а, иштта говзанчаш а, Iилманчаш а шайна юкъабоьлху керла майда кхоллар а. Цара дийцаре дира – доьзал радикализмах а, экстремизмах а ларбар, таханлерчу дийнахь нохчийн доьзалехь долуш долу хьал, кхузаманан доьзалехь а, бераш кхетош-кхиорехь а зудчо лело маьIна а, кегийрхой радикализацех ларбарехь а, цаьрга дешийтарехь а, уьш кхетош-кхиорехь а пачхьалкхо а, дино а дIалоцу меттиг иштта дIа кхин а гIуллакхаш.
Цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира, нохчийн зуда а, йоI а радикализмана гергаяхар а, иза цхьанхьа дIасаяхар а нохчийн Iадаташца, гIиллакхашца догIуш цахилар а, нохчийн Iадаташ цхьаболчара лардеш цахилар а, уьш лардеш, дендеш къахьега дезаш хилар а. Иштта цара хьахийра, и тайпа зударий «Иблисан пачхьалкхан» я кхечу радикалех Iехабалар уьш харц кхетамашца цара тилабар хилар.
– Вайн халкъ, дайшкахь дуьйна тIетовжа оьзда гIиллакхаш а долуш схьадеана ду. «КIантана тоха ма тохалаш, хIунда аьлча кIант – иза къонах, хинволу тIемало ву, ткъа аш тохарца цуьнан къонахалла ен мега. ЙоI чеха а ма елаш, меца а ма йиталаш, иза хинйолу нана ю, иза могаш хила еза, иза могаш хилча халкъ а могаш хуьлу, ишттачу нанас бен къонах ца кхиаво» олуш хилла вайн дайша. Цундела нохчийн зуда тIарикъатах хера а яьлла, зуламхойн харц идеологех Iехаялар а, вайн халкъан цхьаболу векалш шайн орамех, гIиллакхех хербалар а, кхечу халкъах тарбалар а ду, иза вайна боккха эшам бу. Юккъера дIадовлуш долу гIиллакхаш юхадендан деза. Уьш дендаран гIуллакх хIотта дезаш а дацара. Цо гойту и гIиллакхаш хIинцале а дIадевлла хилар, – элира шен къамелехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Iалихана.
Цхьаьнакхетар дерзош, цуьнан дакъалацархойн барт хилира радикализмана а, экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал цхьаьна къийсам дIабахьа а, кхидIа а оцу декъехь бан беза болх цхьаьна бан а.
I.МУРТАЗОВ
№82, шот, мангалан (июль) беттан 23-гIа де, 2016 шо