Хайтаева Сабина толур ю…

Ниццехь (Франци, Прованс регион) 14-чу июлехь теракт йинчу зуламхочо когаш тIехула киралелон машен яьккхинчу нохчийн йоьIан Хайтаева Сабинин, Lenval госпиталехь кхиамца операци яр бахьана долуш, когашна тIе ирахIотта таро хир ю. Иштта хаам бина оцу госпиталехь медйиша йолчу Мокуева Луизас.

Цо дийцарехь, уггаре а хьалха Делан къинхетам а, тIаккха франкойн лоьрийн корматалла а бахьана долуш, 13 шо долу С.Хайтаева когаш тIе ирахIоьттина ца Iаш, лела а лур ю. Цо иштта дагадоуьйту, Ниццехь теракт йина зуламхо чохь волу киралелон машен когаш тIехула а яьлла, цуьнан когийн даьIахкаш аьтта хилла хилар.

Нохчийн Республикин яхархо йолу С.Хайтаева шен деца а, ненаца а Iаш ю Францин Прованс регионерчу курортан Ниццехь.

Мокуева Луизас дийцарехь, шоьтан а, кIиранан а деношкахь чевнаш дIа ца йоьрзуш, оцу госпиталехь кхелхина лаххара а 10 бер. Кхелхинчарах цхьаберш хIинца а бовзаза а, дукхахберш лар йоцуш байна лоруш а бу.

Ниццехь теракт йинчу дийнахь цигарчу Ингалсан хийистехь даздеш дара Францин пачхьалкхан дезачу денойх цхьаъ долу «Бастили схьаяьккхина де». Шатлакх кхоьссинчу минотехь хийисте иккхира киралелон машен. Цуьнан водитела, машен нахана тIехула а хоьхкуш, царна тIе герз детта долийра. Цигахь кхелхира 84 стаг. 85 стаг хIинца а больницашкахь ву, царах 15 вуочу хьолехь а волуш.

И.ИСЛАМОВ

№82, шот, мангалан (июль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: