Сурт юхадерзор ду

Нохчийн Республикин Къоман музей юхадерзийна XIX-чу бIешарахь уггаре а дика суьрташ дохкуш хиллачу Брюллов Карлан дешархочун Тропинин Василийс 1825-чу шарахь диллина долу «Книгица кIант» («Мальчик с книгой») сурт.

Screenshot_1

1994–1995-чуй шерашкахь тIом болчу хенахь дайна дара иза. 2008-чу шарахь Москва гIалин бакъонаш ларъяран органаша таллам бинчул тIаьхьа карийра сурт. Цул тIаьхьа «Останкино» пачхьалкхан музей-усадьбе ханна Iалашдан дIаделла дара.

Суьртан историн-культурин мехалла хьесапе а эцна, Къоман музейс боккха болх бира иза республике юхадерзорехьа. Юридически агIор тIедахкарш (экспертийн сацам, идентификаци яран архиван бух, цуьнан схьадаран (трансферан) кхерамазалла, и.дI.кх) кхочушдира.

1925-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн мохкталларан музейхь дара «Книгица кIант» сурт. 1961-чу шарахь Изобразительни искусствийн музей йиллинчул тIаьхьа ханна Iалашдан цига дIаделлера.

Герггарчу хенахь Нохчийн Республикин Къоман музейн юкъарчу экспозицин-гайтаман залехь суьртан репрезентаци ян Iалашо ю музейн куьйгаллин. Иза республикин культурин дахарехь мехала хилам хир бу.

Л.ДАУТОВА

№82, шот, мангалан (июль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: