ПохIме Iилманча а, дика адам а

Вовзийтар. Мусаев Расул – экономикин Iилманийн доктор, профессор. Вина 1961-чу шеран 10-чу октябрехь Дагестанерчу Хасавюьртахь. Циггахь 1968–1978-чуй шерашкахь дешна №1 йолчу юккъерчу школехь. 1986-чу шарахь чекхъяьккхина М.В.Ломоносовн цIарах йолу Москварчу пачхьалкхан университетан экономикин факультет. Цул тIаьхьа Мусаев Расула шен дерриге а дахар вайн пачхьенан коьртачу ВУЗан экономикин факультетаца доьзна: 1981–1986-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан политикин экономикин хьехархочун болх бина. 1982–1983-чуй шерашкахь – Казахстанан ССР -н Целиноградски областехь хиллачу студентийн гIишлошъяран тобанан комиссар, командир. 1984–1986-чуй шерашкахь – Нохч-ГIалгIайн (землячествон) махкахойн председатель. 1987–1988-чуй шерашкахь – Венгрин Будапештерчу политехникин университетехь а, Чехословакин Брно гIаларчу Яна Эвангелиста Пуркинен цIарахчу университетехь а хиллачу ЧИГУ-н студентийн отрядийн командир. 1986–1989-чуй шерашкахь Л.Н.Толстойн цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан хьехархо. 1989-чу шарахь Пхеньянехь дIаяьхьначу Дерригдуьненан кегийрхойн а, студентийн а форуман делегат. 1993-чу шарахь чIагIйина кандидатан диссертаци; 2004-чу шарахь – докторан диссертаци; 2008-чу шарахь дуьйна профессор.
Шен доьзалца цхьаьна Москва гIалахь Iаш ву.

IMG_2966

«Тхан классехь тхо кхо нохчи бен вацара, – дуьйцура Мусаев Расула. – Цундела, йохье буьйлуш, дика доьшуш, ницкъ ма-кхоччу, нохчийн цIе дика яккхийта хьовсура тхо. И хан къаьсттина даг чу йижина, сан накъосташца мерза дIаяхана ю.

Лакхарчу классашкахь доьшучу хенахь ВУЗе деша ваха кечам беш заочни-кечамбаран курсаш яра. Кхаа шарахь оцу курсашка лийлира. Цигахь дика кечам бар бахьана долуш, олимпиадашкахь толамаш баха аьтто а хилира. Амал дика ца хиллехь а, дешарца йолу Iалашо кхочушъян ницкъ кхаьчна сан. Дешарца со ларош хилчахьана кхидолу кхачамбацарш дас-нанас а гечдеш дара суна. Оцу тIехь со лара а вора. (Нана йолуш ю тхан. Нене болчу безамах лаьцна, йист йоцуш, дехха дийца мегар дара)».

Мусаев Расула дийцарехь, школехь волчу хенахь дуьйна а Iедалан болх, цуьнан аьттонаш довза лууш хилла иза. Даима а сагатдина «Цхьайолу пачхьалкхаш кхечарал тоьлла муха хилла те? Кхечу пачхьалкхийн аьттонаш алссам хIун бахьана долуш хилла те?», бохучу хаттарша. Иштта тIейирзина цуьнан ойла экономикин Iилманна.

Москварчу пачхьалкхан университетехь доьшуш яьккхинчу хено сирла дагалецамаш битина Р.Мусаевн иэсехь. Къаьсттина уьш боьзна бу вайн махкахошца. И хан дагалоьцуш иштта дийцира профессора: «Накъосталла оьшучу хенахь даима а, оцу хенахь чолхе хиллачу хьелашка хьаьжна доцуш, гIодан кийча бара уьш. Царах дукхах дерг Турпалов Лоьмица а, Чербижев Мейрица а доьзна ду. И шиъ, со студент волчу хенахь, аспирантурехь доьшуш вара. Со аспирантурехь волуш – докторанташ а, соискательш а. Вайн республикехь хIинца дика цIе йоккхуш ву и шиъ. Иштта дуккха а самукъане хиламаш хуьлура.

ДагадогIу Турпалов Лоьмас а, Чербижев Мейрас а сан, Бисаев Iийсан (хIинца экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министран заместитель) даьхьна, казан яй буьззина хилла пилу. ЮкъарIойлера тхан лулахо-туркмен къаьсттина говза вара оцу гIуллакхна. Оьшуш болу гIирсаш дIа а белла, цуьнга кечдайтинера охашимма иза. Iийсан неIарна дуьххьал яра юург ен чоь. Иза цкъа-шозза хьаьжна, ца даьлла аьлла веара. Юха, томма гата а эцна, схьадаьккхинчул тIаьхьа жимма латтийта деза боху, элира. ДоьазлагIа вахана веача, цуьнга хьаьжча моьттур дара стигал цунна тIекхетта. «Вайшиннан яй бац, цхьамма баьхьна», – элира цо. Коьртачу гIишло чохь Iачу (тхунна гIеххьа генахь йолчу), стажировке ваийтинчу Л.Турпалов волчу дIабаьхьна хиллера тхойшиннан яй…».

Москварчу пачхьалкхан университетехь Нохч-ГIалгIайн (землячествон) махкахойн председателан балхах лаьцна иштта элира Р.Мусаевс: – «Самукъане а, сан даго чIогIа тIелоцуш а болх бара иза. Цу хенахь Нохч-ГIалгIайчуьрчу берриге а студентийн цIерш хаьара суна, уьш хаарал сов, цIера мичара бу а, церан къабала, Iалашонаш, сатийсамаш».

Iер-вахар Москвахь нисделлехь а, сих-сиха Нохчийчу вогIу Р.Мусаев. Кхузахь хуьлуш болчу дикачу хийцамех воккха а ве иза. «МГУ-хь каникулаш йолчу хенахь цкъа Iай, юха аьхка цIа догIура тхо, – бохура профессора. – Соьлжа-ГIала догIучу кемана со тIехаале, сан са, кеманал хьалха а долий, тхан уьйтIахь хьийзаш хуьлура, дена-нанна мара а детталуш. Соьга хаьттича, денна а хIокху цIахь хила лаьара суна, амма рицкъанаш республикина арахьа нисделла. Бакъду, догIмаш цигахь делахь а, синош цIахь ду тхан. Аьхка отпуске варал сов, кхузза-доьазза Нохчийчу вогIу со. ХIора дешаран шеран юьххьехь Нохчийн пачхьалкхан университетехь а, Iаьн тIехь, бIаьстенан юьххьехь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь а лекцеш йоьшу ас».

Билгалдаккха луур дара Нохчийчохь болчу студентийн хилла ца Iаш, МГУ-н Бакухь йолчу филиалехь болчеран а (хIора семестрехь шина баттахь гергга) аьтто хуьлу Расулан лекцешка ладогIа. Цигарчу хьехархоша а, студенташа а дика цIе йоккхуш ву иза. «Пачхьалкхан политика а, дIахIоттам а» инновационни магистерски программин гураш- кахь кафедрин куьйгалхочуьнца, Россин Iилманийн академин декъашхочуьнца Г.Г.Фетисовца цхьаьна Р.Мусаевс кечдина «Россин банкийн кхиаран стратеги а, иза хийцаран проблемаш а», «Россин ахчанан-кредитни система кхиаран регионан башхаллаш а» говзаллаш Iаморан низамаш.

IMG_2972

Москварчу пачхьалкхан университетан экономикин факуль- тетан бакалавриатехь «Пачхьалкхан дIахIоттаман кепаш», «Регионан экономика» курсашкахула лекцеш а йоьшу, семинаран занятеш дIа а хьо профессора. Р.Мусаев вевзачара, массара а тIечIагIдо иза воккха Iилманча хилар. Иштта цара билгалдоккху цуьнан лекцеш чIогIа пайдехь а, ладогIа догдогIуш а, мехала материал атта кхета волчу агIор схьакховдо хууш иза хилар а, иштта, цIена дог-ойла йолуш а, оьшучохь забар ян хууш хилар а.

«Мусаев Расул кIорггера хаарш долуш интеллектуал ву, – бохура Москварчу пачхьалкхан университетан спортан къийса- даларийн туьшан куьйгалхочо Акаев Кюрис. – Тхойшиъ ши доттагI а, ойла цхьаьна йогIуш а ву. МГУ-хь доьшучу а, болх бечу а ерриге а хенахь, массо агIор а тешаме накъост хилла схьавогIуш ву иза. Доьзалан (ши кIант ву цуьнан) дика да а ву. Воккхах волу кIант Адам шен ден лорах вахана. Иза МГУ-н эко- номикин факультетехь доьшуш ву. Ас дозалла до сайна Расул вевзина хиларх».

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан суьрташ тIехь: экономикин Iилманийн доктор, профессор Мусаев Расул

№82, шот, мангалан (июль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: