ХIокху деношкахь кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин харжамийн комиссехь. Цигахь дийцаре дира 2016-чу шеран 18-чу сентябрехь (товбецан бутт) харжамаш дIабахьарна кечамбарца доьзна гIуллакхаш.
Кхеташонехь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикехь регистраци йина йолчу политикин партийн региональни отделенийн куьйгалхой, юристаш, бухгалтерш, харжамийн территориальни комиссийн председательш, ткъа иштта «Россельхозбанк» акционерни юкъараллин Нохчийн региональни филиалан векалш.
18-чу сентябрьехь вайн махкарчу харжамхоша бан безарг мехала харжам бу. Оцу дийнахь федеральни а, регионан а, муниципальни а тIегIанашкара депутаташ, уггаре а коьртаниг Нохчийчоьнан куьйгалхо ву харжа везаш. Муха дIагIур бу харжамаш? ХIун дан деза уьш цIена, хьанал, бертахь дIабахьарна кхачояран декъехь? Оцу а, кхечу а хаттаршна сагатдеш болчу кхеташонан дакъалацархоша дийцаре дира харжамашна кечамаш бар дIахьочу муьрехь а, харжамаш дIахьочу дийнахь а кхочушдан деза вовшахтохараллин-техникин гIуллакхаш. Билгалдехира оцу муьрашкахь кхочушдан деза декхарш.
Нохчийчоьнан Харжамийн комиссин председатела Байханов Iумара боккха тидам тIебахийтира харжамийн законодательствехь бина хийцамаш бовзийтарна. Уьш хьесапе а оьцуш болх бан дезар ду харжамашна кечамаш бечу хенахь а, харжамаш дIахьочу дийнахь а, цул тIаьхьа а. Цундела и законаш дика Iамор, бина хийцамаш бовзар тIехь ду харжамаш дIабахьарна жоьпалле болчу харжамийн комиссийн а, харжамийн каппийн а декъашхошна.
Кхеташонан дакъалацархоша «Россельхозбанкан» филиалан векалшца цхьаьна дийцаре дира харжамийн цхьаьнакхетараллаша а, кандидаташа а харжамийн леррина счеташ банкан филиалашкахь схьаелларца а, цу тIехь долчу ахчанех пайдаэцарца а, цхьамогIа кхечуьнца а доьзна долу гIуллакхаш. Оцу гIуллакхийн хьокъехь дерг дийцира «Россельхозбанкан» вайн регионехь йолчу филиалан жоьпаллин белхахоша. Ткъа оцу декъехь юристашна а, бухгалтершна а хаа дезаш дерг кIезиг дац. И гIуллакх дуьххьар деш болчарна муххале а.
Кхузахь иштта леррина тидам тIебахийтарца дийцира муниципальни харжамашна кечамаш барх а, уьш хьокъала ма-дду дIабахьарехь дан дезачух а лаьцна. Харжамийн территориальни комиссийн куьйгалхоша довзийтира Нохчийн Республикерчу муниципальни вовшахкхетараллийн векалаллин органашка депутаташка кандидаташ хьалхататтарехь а, царна регистраци ярехь а долу хьал. Цара дийцарехь, и болх, цхьа а чолхалла йоцуш, дIабоьдуш бу.
Дуккха а гIуллакхаш тIехь вовшах дага а бовлуш, зеделларг вовшашна довза а довзуьйтуш ерзийра кхеташо цуьнан дакъалацархоша.
Д.ПАШАЕВ
№82, шот, мангалан (июль) беттан 23-гIа де, 2016 шо