КIошт кхион лаккхара корматалла йолу говзанчаш оьшур бу

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо кхеташо дIаяьхьира Нажи-Юьртан кIоштахь. Цигахь шуьйрра дийцаре дира хIара кIошт социальни, экономикин кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш а, некъаш а. Регионан куьйгалхочо шен къамелехь тидам тIебахийтира Нажи-Юьртан кIоштарчу бахархойн дахаран-Iеран хьелаш толуш хиларна. Оцу декъехь, садаIар доцуш, къахьоьгуш волчу кIоштан администрацин куьйгалхочунна Геремеев Вахитина баркалла элира цо. Цуьнца цхьаьна Р.Кадыровс билгалдаьккхира кIошт кхиоран кхин а яккхий таронаш а, тIаьхьалонаш а хилар. Оцу таронех а, тIаьхьалонех а буьззина пайдаэцархьама массара а доггаха къахьега деза.

original

 

«Республикин уггаре а яккхийчарах цхьаъ йолчу Нажи-Юьртан кIоштахь цхьаьнакхетта вай. Кхузарчу Iаламан хазалло дог тIома доху. Исбаьхьа меттигаш ю кхузахь. ТIаьхьарчу хенахь баккхий хийцамаш хилла кIоштахь. Уьш хаало цIенойн архитектурехь а, адамийн дахарехь а. Вайн декхар ду и кхиамаш кхин а лакхабахар, керлачу лак- хенашка кхачар! Кхиарна яккхий таронаш ю кIоштан – адамийн а, Iаламан а. Оцу таронех пайдаэцархьама Iедало а, юкъаралло а цхьаьна гIуллакхаш дан деза», – элира цо.

Кадыров Рамзана дийцарехь, меттигерчу Iедална хьалха лаьттачу коьртачу декхарех цхьаъ ду тайп-тайпанчу дакъошкахь корматаллин говзанчаш кхиор. И болх школашкахь дуьйна дIаболо безаш а бу. «Вай керлачу тIегIане хьалаяккха еза агропромышленни комплекс, бизнес, туризм, инвестицешна бегIийла хьелаш кхолла деза. Нуьцкъала экономика йойла а хир дац, дахар токхе хилийтарна кхачо а ялур яц тайп-тайпанчу дакъошкахь болх бан кийча а болуш, корматаллин белхахой, говзанчаш ца хилча. Меттигерчу Iедало къаьсттина тидам тIебахийтар лоьхуш гIуллакх ду иза. Говзанчаш кечбар школашкахь дIадоло деза, берашна корматалла харжарехь гIо а деш», – бохура регионан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана аьлла ма-хиллара, Нохчийн Республикин куьйгаллина хьалха лаьтта герггарчу шерашкахь регионан бюджет профицитан тIегIане хьалаайаран декхар. И декхар кхочушдалур дац кIоштийн а, гIалийн а администрацеш эвсаре, санехь гIуллакхдеш хилчий бен. «ХIора а кIошт, гIала оьшучуьнца ша-шена кхачо ялуш хила еза. Цара кхачоян еза школашна, больницашна оьшуш долчуьнца. Шайн чоьтах некъаш дахка деза. Цул сов, цара кхочушъеш хила еза кIоштан, гIалин экономикин а, социальни а таронаш алсамъяхарна тIехьовсийна йолу проекташ. ТIаккхий бен меттигера Iедал когахIоьттина даьлла лара мегар дац. Карарчу хенахь масех муниципалитетехь бен яц профицитни бюджеташ. Амма герггарчу хенахь ерриге а хила еза! Иза доьзна хир ду Iедалан дерриге а тIегIанашкахь хьуьнаре а, говза а, гIуллакх довзарца а къахьегарх», – чIагIдира Кадыров Рамзана.

Кхеташонехь дакъалоцуш бара Нажи-Юьртан кIоштан администрацин, бакъонаш ларъяран органийн, динан, юкъараллин векалш.

Д.АНАДЕВ

№82, шот, мангалан (июль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: