«Даймохк» газетан юбилейна лерина даздарш хилира 22-чу апрелехь Зорбанан цIийнан актови залехь
Даздаршкахь дакъалецира тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн куьйгалхоша, Iилманан, дешаран, культурин белхахоша, газетин иттаннаш доттагIаша.
Юбилейца «Даймохк» газетан журналисташ, берриге а белхахой а декъалбеш, дош элира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида, дешаран, Iилманан министра Байханов ИсмаьIала, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца йолчу зIенийн департаментан директора Тевсиев БайIелас, «Некъ» издательствон директора Шахидов Адама, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатела Батаев ГIайрсолтас, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президента Дадашев Райкома, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, «Нийсо-Дагестан» газетан коьртачу редактора Якиев Iумара, нохчийн журналистикин къаноша Кагерманов Доккас, Магомаев Салавдис, Россин Федарацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу Отделенин куьйгалхочун заместитела Адуев Нурида, поэташа Кусаев Iадиза, Цуруев Шарипа, дуккха кхечара а. Къамелаш динчара билгалдаьккхира, ненан маттахь долчу газето къоман мотт кхиорехь доккха маьIна лелош хилар. «Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн мотт кхиоран а, нохчийн зорбанан а хьашташ шен тергонехь латтор бахьанехь тахана вайна цхьа а новкъарло яц оцу декъехь хьакъ ма-дду болх барна. Къоман мотт, цуьнан буха тIехь дайн оьзда гIиллакхаш, ламасташ дендар ду вайгара лоьхург. Хьалха лаьтта декхарш даккхий ду, зорбанан министерствос шен ницкъ кхочург дерриге а дийр ду нохчийн литературин мотт кхиорна а, «Даймохк» газетан а, кхечу изданийн а болх эвсаралле хилийтарна а тIехьажийна», – элира Ш.Жамалдаевс.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон цIарах Ш.Жамалдаевс «Даймохк» газетан берриге а белхахошна совгIат дира Сийлаллин грамоташца. Иштта церан болх билгалбаьккхина ахчанан совгIаташца а. Кхузахь хилира республикин «Ас нохчийн маттахь яздо» конкурсан а, «Бекалахь, ненан мотт» фестивалан а толамхошна совгIаташ дIадалар а.
«Даймохк» газетан цхьамогIа журналисташ билгалбехира Нохчийн литературин гIолацаран фондо йиллинчу М.Мамакаевн орденца. И совгIаташ дIаделира оцу фондан куьйгалхочун заместитела Гушакаев Мохьмада. «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара даггара баркалла элира шайн белхан иштта лаккхара мах хадорна. «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъана тешаме хилла а, хир болуш а бу нохчийн журналисташ, – элира Б.Шамсудиновс. – Оха тешам боллуш дIахьедо, «Даймохк» газетан редакцин коллективо, мало йоцуш, къахьоьгур ду нохчийн мотт кхиорехь а, къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиорехь а, юкъараллин барт чIагIбарехь а».
Гулбеллачийн шайн иллешца, эшаршца самукъадаьккхира бевзаш болчу артисташа Усманов Iимрана, Межидов Сахьаба, Адамова Тамарас, Гадаев Валида.
Нохчийн зорбанан дезде хилла дIахIоьттира «Даймохк» газетан хьалхара номер араяьлла 90 шо кхачарна леринчу даздарех.
Хь.АБАЕВ