Лондонехь, Ингалсан махкахь санна…

Забаренна олуш цхьа хIума ду вайн халкъалахь: «Нохчийн халкъ Ингалсан пачхьалкхан кара гIур ду». Ингалсхой тхайн кетIа бахккалц ца Iаш, царна тIеяхар масехазза хилира сан, дуьххьара – 2004-чу шарахь, тIаьххьара – 2012-чу шарахь. Сайн хьешашка хаьттира ас: «Шу тхо йийсар дан схьакхочу бохуш дуьйцу дукха хан ма ю… Ойла хийца-м ца елла шун?» Забарна комаьрша болчу ингалс- хоша сихха хаьттира: «Шу долчу дуьххьара тхан муьлха организаци йогIур ю бохура?»

Шортта дагалецамаш бисина сан оцу йочанийн гIайренан хьокъехь. Кхин хIумма а ца хилча а, Лондонерчу аэропорте дIакхаьчча, сайца хилла цхьа самукъане хIума а цхьаьна. Оршот де дара иза, дакъаза ма даларг, оцу ингалсхошна шайна дукхадезачу weekend (мукъачу денойл) тIаьхьа ца дезаш догIуш дерг. Лондонерчу аэропортехь паспорташ а, баккхалш а дIасалистина ца бовлуш хьеделлера тхо.

Балхана юкъах даьлла суна дуьхьал деанера Ашмор Фред а, Джиллиан а. Со бахьанехь аэропортехь хIора сахьтана фунташ а луш Iачу царах эхь хетта хьаьвзира со. Чкъургаш тIехь йолу сан чамда багажник чу кхоьссира я чуйиллира ала а хаац суна, амма и мохь сайн кочара баьлла дукха хазахетта, яхана водительна уллохь долчу гIанта хиъна, кхерамазаллин доьхка дIатесна, Лондоне кхача кечъелира со.

Сан хьешо шайн матт ахь: «Zaynap! I аm drive! Not you!» (Со ма ву водитель! Хьо ма яц!) – элира машенан йиллинчу неIарна тIе а хIоьттина, хаьн тIе дехкина куьйгаш долуш, вела а ийзош. Цецъяьлла со кхета а ца туьгура айса нийса ца динчух. Сайна хьалха йолчу машенан рулах бIаьрг кхетча бен ца кхийтира со цо иштта хIунда боху.

Россехь санна машенан аьтту агIор долчу гIанта хиъна хиллера со, сайна хьалхара руль ца гуш. Европехь цхьана Ингалсан махкахь бен бац машенийн болам аьрру агIор. (Японехь а санна). Сох бийлира сан доттагIий. Чукхаьчча chedder (чеддер) олу нехчан а, cox (кокс) олучу Iежан а «презентаци» йира суна.

Уьш шайн 6-чу я 7-чу нанас шен куьйга динчу кхийрачу бошхепа чохь хьалхадехкинера цара суна. Нехча а, Iаж а вуон бацара. ДогIанаш, йочанаш кест-кеста хуьлуш дохкаран гIайре бу и мохк олуш хазарна, «ХIан, хIинца долало хьуна», – бохуш хенан хIоттаме хьоьжуш Iара со, къегина хьаьжна малх болуш догIа догIург хилар аьттехьа а ца дуьтуш. Амма догIа а догIура, ингалсхойн яздархоша-классикаша ма дийццара.

Петаран цIа чохь лакха тIерачу лулахоша боганахь хи чухецча санна цIеххьана долалора догIа. Амма иза новкъадацара. Я хьан мачаш, я хьан бедар бех ца лора догIанехь леларх. Ингалсхошна цIа, иза 3–4 гIаттах лаьтташ дацахь, цIа а ца хета. Дисинарш «коттеджаш» олу цIенош ду. Сан хьеший «цIа» чохь Iаш бара. Ткъа со 3-чу гIат тIехь (ерриге а 4 яра уьш). ТIамах кIелхьараяьллачу нохчийн зудчунна уггаре а хазахетарг хIун яра оцу цIа чохь? Дера яра кухни. Дика хьелаш долуш, паргIат, йоккха кухни. ХIора шоьтан дийнахь чоьнаш цIанъян йогIуш цхьа зуда яра церан. Амма газан пеш, гриль пеш со реза йолуш яцара. Сан доттагIий балха дIабахара, ткъа со, пхьуьйшаш хьала а дина, гIуллакхаш дан хIоьттира. Нохчий ма яй, цу тIе Заркъарчу сан доттагIчо ма-аллара «Iовдал цIонтро» а…

Суьйранна цIакхаьчна Джиллиан, шен кухни чухула дIаса а хьаьжна, со марайоьллина, йилхира. Цаьрца нохчийн гIиллакхаш къаьсттина чIогIа лелон хьожура со.

Нохчийн къомах дика ойла яра церан. Берийн «Даймохк» ансамблан концертехь хиллера уьш Лондонехь а, Оксфордехь а. Нохчийн къоман хелхар тоьънера царна соьца шаьш муха хила деза хаа. Цхьа ши кIира даьлча: «Зайнап, ахь тхан хIусаме серло еана!» – элира Джиллиана. Серло а ма ца яьхьнера ас царна… Вайн къоман оьздачу гIиллакхийн, эхь-бехкан, Iадатийн ларам баьхьнера.

Дукха ду цигахь яьккхинчу хенах лаьцна дийца. Диснарг юхахула, рогIерчу номерехь дуьйцур вай.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№82, шот, мангалан (июль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: