Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис федеральни тIегIанехь барт бина Итон-Кхаьллан кIоштарчу «Кхелхинчеран ЦIойн-Пхьеда гIалин комплексан» шолгIачу тIеман бIаьвна реставраци яран белхаш дIабахьарехь финансировани ярна.

Россин культурин министран заместительца С.Обрывалинца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь Х-Б. Дааевс дийцаре дира федеральни бюджетан чоьтах оцу бIаьвна реставраци ярна бух кечбар а, реставраци яр а. Билгалдаккха догIу, юьйцуш йолу бIов ледарчу хьолехь а, атта тIекхочийла доцчу тIулгийн марахь а хилар.
Республикин культурин министрана хетарехь, культурин тIаьхьалонийн объекташ меттахIиттор историн маьIне гIуллакх хилла ца Iаш, республикехь туризман кластер кхиорна а тIеIаткъам беш долу гIуллакх ду.
Цул сов, цхьаьнакхетарехь дийцаре дира республикин культурин дакъа кхидIа кхиоран гIуллакхаш а, Нохчийн Республикин культурин цхьаболчу векалшна мехкан искусствон а, культурин а хьакъболчу белхахойн цIерш ялар а.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь С.Обрывалина билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь культурин учрежденийн материальни бух кхиорехь а, тайп-тайпанчу коллективашка Россин а, дуьненан а тIегIанерчу фестивалашкахь дакъалацийтарехь а боккха болх беш хилар.
И.ХАСАХАНОВ
№83, оршот, мангалан (июль) беттан 26-гIа де, 2016 шо