Хьалха-Мартанахь йолчу мохкбовзаран музейхь хилира «Къонахчун дахар» республикин проектан кIоштан мур схьабеллар.
Хууш ма-хиллара, проект кхочушъян йолийна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн дIадолорца. Ламасте доьрзуш ду иза хIора шарахь дIаяьхьар. Проектан хьелашца конкурсехь дакъалоцуш волчу 15 жимачу стага XVIII-чу бIешарахь хиллачу Iер-дахаран хьелашкахь цхьа бутт хан яккха еза.
Нохчийн ламасталлин культурица а, динца а, Iер-дахаран хьелашца а доьзна, бакъволчу къонахчуьнгахь хила догIуш долу дуккха а хIуманаш девзар ду кегийчу нахана конкурсехь дакъалоцуш.
Конкурс схьаелларна леринчу гIуллакхехь дакъалецира Хьалха-Мартан муниципальни кIоштан куьйгалхочо Абдурешидов Валида, Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместитела Милькиев Рустама, иштта кхечара а. Хьешаша шайн къамелашкахь билгалдаьккхира проектехь дакъалацар кегийрхой дахарна кечбарехь доккхачу маьIне хилар.
«Къонахчун дахар» проектан коьрта Iалашо ю къоман ламасталлин культура а, дайн Iадаташ а шуьйра довзийтар.
Хь.ДОВКАЕВ
№83, оршот, мангалан (июль) беттан 26-гIа де, 2016 шо