Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министран Сулейманов Эльханан цхьаьнакхетар хилира Россин онкологин Iилманан Н.Н.Блохинан цIарахчу туьшан векалшца. Делегацин куьйгалхо яра оцу Iилманан-талламан институтан клиникин а, экспериментийн а радиологин Iилманан говзанча Кочергина Наталья Васильевна.
Оцу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира зударийн могашаллах дерг, къаьсттина маммографин скриннинг (СОРС-МС) программа вайн республикехь юкъаялоран гIуллакх. Россин Федерацехь гIарабевлла бевзачу говзанчаша-онкологаша дийцарехь, оцу программин гIоьнца зударшна хуьлуш йолу рак цамгар юьхьанца, йолалучу хенахь гучуялийта а, цунна шен хеннахь дарба дайтан а аьтто хир бу. Диагностика шен хеннахь а, нийса а яро цамгар билгалъяккхарехь лоьрийн нислуш долу гIалаташ а лахлур ду.
Клиникин талламашкахь зерах чекхъяьлла, 100 процент дика жамIаш гойтуш вайна оьшуш а, беркате а программа ю маммографин скриннинг.
Газетан кхул хьалхарчу номершкахь оха хаам ма-барра, дукха хан йоццуш вайн республикехь хилира Ханты-Мансийски округан онкологин департаментан коьрта лор Билан Евгений коьртехь волу лоьрийн-онкологийн тоба.
Цигахь дийцаре дира вайн республикехь колеректальни ракан скриннинган программа (йоьхьашца, зорхаца рак цамгар гучуяккхар) юкъаялоран а, кхочушъяран а гIуллакх. Маммографин а, колеректальни рак цамгаран скриннингийн программаш чIогIа оьшуш а, мехала а ю вайн республикин бахархойн могашалла ларъярехь.
Онкологин служба кхиорна лерина деш даккхий гIуллакхаш ду вайн республикехь.
Дала мукъ лахь, цу тIехь кхиамаш хила гена хан а яц!
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№83, оршот, мангалан (июль) беттан 26-гIа де, 2016 шо