ХIокху деношкахь Дагестанан пачхьалкхан хьехархойн университетан диссертацийн кхеташонехь филологин Iилманийн докторан диссертаци чIагIйина Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедрин доцента Джамбеков ШаIранис.
Ткъе итт шо сов хан ю нохчийн фольклор гулъеш а, толлуш а ШаIранис беркате болх бен. Оцу белхан хьалхара гIулч хилира 1990-чу шарахь «Нохчийн фольклор» гулар арахецар. Нохчийн литературехь маьIне хилам санна тIеийцира хIетахь и гIуллакх. Цул тIаьхьа цо арахийцира университетан студенташна лерина «Нохчийн фольклор» дешаран пособи. Халкъан барта кхолларалла талларца цхьаьна республикин лаккхарчу дешаран заведенешкахь нохчийн литература, фольклор хьоьхуш а ву иза. Мехала ду фольклор гулъяр студенташна а цо марздеш хилар. Иттех шо а дара халкъан барта кхолларалла талларан декъехула ШаIранис филологин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйина.
ХIетахь дуьйна а докторан диссертаци тIехь болх беш вара Iилманча. Гуш ма-хиллара, и болх чаккхене бирзина. Хууш ду, халкъан барта кхолларалло йозанан литература кхиарна боккха Iаткъам беш хилар. Нийсса аьлча, цуьнан буха тIехь кхоллалуш ю йозанан литература.
XX-чу бIешеран нохчийн яздархойн кхоллараллехь фольклоро дIалоцу меттиг талларна лерина ю Ш.Джамбековн диссертаци. Болх кхочушбина Мамакаев Мохьмадан, Айдамиров Абузаран, Окуев Шимин произведенийн буха тIехь, Дагестанан пачхьалкхан хьехархойн университетан профессор, филологин Iилманийн доктор А.З.Акавов Iилманан консультант а волуш.
Тхан хьесапашца, нохчашлахь Iилманийн докторан диссертаци чIагIйинарг 200 гергга стаг ву. Луларчу регионашкахь долчу хьолаца дуьстича, лакхара терахь дац иза. Цундела вайна кхоэ ду Iилманийн докторийн могIарш дебаш хилар. «Даймохк» газетан редакцин ерриге а коллективан цIарах оха даггара декъалво Джамбеков ШаIрани кхиамца диссертаци чIагIъярца.
Дала тIаьхье беркате йойла!
Хь.АБАЕВ
№83, оршот, мангалан (июль) беттан 26-гIа де, 2016 шо