Ерригроссин «Единая Россия» политикин партин Нохчийн региональни отделенин конференци хилира Соьлжа-ГIалахь. Цигахь дIадаьхьира Нохчийн Республикин Парламентан депутаташка а, Соьлжа-ГIалин Советан депутаташка а хьалхатеттинчу кандидатийн цIерш чIагIъяр Конференцехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун хьехамча Делимханов Адам, регионан Куьйгалхочун гIоьнча Даудов Мохьмад, республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, кхиболу официальни нах.

Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира «Единая Россия» партис Нохчийчохь машар а, токхо а хилийтарехь доккха маьIна лелош хилар, парти вайна уггаре а хала яьхкинчу хенашкахь дуьйна вайн республикерчу бахархойн хьашташ а, бакъонаш а ларъеш хилар.
«Республика саьлнашкахь Iуьллуш йолчу а, арахь детташ герзаш долчу а хенашкахь дуьйна шу вайн халкъан зовкхан дуьхьа болх беш ду. Аш йоккха хазна юкъайиллина республика когахIотторна а, кхиорна а. Аш гIуллакхца гайтина халкъан а, пачхьалкхан а хьашташ массо хIуманал а деза лоруш хилар», – элира цо.
Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира Нохчийчоьнна хьалха лаьтташ вуно даккхий декхарш хиларна. Уьш кхочушдарна «Единая Россия» партин декъашхоша йоккха хазна юкъаюьллург хиларх ша тешна хилар а хаийтир цо.
«Вай толам баьккхина дуьненаюкъарчу терроризмана тIехь. МеттахIиттийна йохийна гIаланаш, ярташ. Республика тешам боллуш кхиаран некъа тIе хIоьттина. Вайна хьалха лаьтта кхин а даккхий, кхин а жоьпалле декхарш. Уьш кхиамца кхочушдар вайн массеран а хьуьнарех доьзна ду. Со тешна ву тIейогIучу хенахь а аш вайн халкъан а, республикин а дуьхьа доггаха къахьоьгург хиларх», – чIагIдира Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо республикерчу бахархошка кхайкхам бира харжамийн каппашка дахкар а, хин болчу харжамашкахь жигара дакъалацар а доьхуш. ХIора а стеган граждански декхар иза хиларна тидам тIе а бахийтира цо.
«Вайн бахархошка ала лаьара суна: диц ма де, шайн хиндерг хоржуш ду шу. Шух доьзна хир ду вайн кханалера де муха хир ду бохург. Аш шайгара жигаралла гайта еза, шайна бегIийла хетачу кандидатехьа кхаж таса беза. Вайх хIораннан а декхар ду иза», – дерзийра цо.
Цул тIаьхьа, къайлаха кхаж тасарца, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташка (62 стаг) а, Соьлжа-ГIалин Совете депутаташка (33 стаг) а, «Единая Россия» партин цIарах хьалхатоттучу кандидатийн цIерш чIагIйира. Парламентан депутаташка кандидаташна юкъахь дукхахберш хьалха парламентан депутаташ хилларш бу. Царна юкъахь ву законаш дахаран органан спикер хилла Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Парламентан Председателан хьалхара заместитель хилла Закриев Салман, депутаташ хилла болу Кадыров Хьусайн, Хамбиев Мохьмад, Насуханов Ваха, Оздамиров Iусман, кхиберш. Парламентан депутаташка дуьххьара кандидат ву Невран кIоштан администрацин куьйгалхо Кашлюнов Владимир, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Дулаева Хадижат, республикин профсоюзийн федерацин председатель Солтагереев Хьусайн, Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон министр Тагиев Мурат, кхиберш.
Иштта, конференцехь тIеийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхо а, Парламентан депутаташ а, Соьлжа-ГIалин Советан депутаташ а харжаран харжамел хьалхара «Единая Россия» партин программаш.
Д.ПАШАЕВ
№83, оршот, мангалан (июль) беттан 26-гIа де, 2016 шо