Бахархойн белхан меттигаш Iалашъярна – 134 миллион сом

Россин Федерацин Правительствон Председателан Медведев Дмитрийн сацамца нийса а догIуш, 2016-чу шарахь бахархойн белхан меттигаш Iалашъярна федеральни бюджетера кхин а 133 755 000 сом хьажор ду Нохчийн Республикин бюджете.

«ТIеэцначу сацамца нийса а догIуш, федеральни бюджетера 313,8 миллион сом дIасадекъна Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, Свердловскан а, Ульяновскан а бюджеташна. Оцу субъекташа и ахча хьажор ду белхазалла лахъярна а, экономикин уггаре а чолхе хьал хIоьттинчу коьртачу предприятешкарчу белхахойн белхан меттигаш Iалашъярна а», – боху документехь.

Оцу декъехь йолу региональни программаш кхочушъяйтархьама, Москвас федеральни бюджетера Нохчийн Республикин бюджете санна, Дагестан Республикина 84,4 миллион сом, Свердловскан областана 46,4 миллион сом, Ульяновскан областана 49,2 миллион сом хьажийна (дерриге а – 313,8 миллион сом).

Билгалдаккха догIу региональни программаш субъекташкахь белхазалла лахъярна а, экономикин уггаре а чолхе хьал хIоьттинчу меттигерчу коьртачу предприятешкарчу белхахойн белхан меттигаш Iалашъярна а лерина хилар.

Федеральни бюджето 313,8 миллион сом даларо аьтто бийр бу 2016-чу шарахь Нохчийчохь а, Дагестанехь а, Свердловскехь а, Ульяновскехь а 10,2 эзар бахархойн белхан меттигаш Iалашъян.

И.ИСЛАМОВ

№83, оршот, мангалан (июль) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: